ПIераскандийнахь полисхой баьхкина хилла гIалгIайн блогер Абадиев Муса шен доьзалца вехачу хIусаме, цуьнан цIийнах хьовса. "Кавказ.Реалии" портале девешо Абадиев Тамерлана дийцарехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера белхахой хилла баьхкинарш.
"Цхьана хIуманна тIаьхьа ца кхии тхо. Халла хиира суна, стенгара бу талламаш дIабахьа баьхкинарш", - аьлла девешо.
ЦIийнах хьоьвсинчул тIаьхьа БуьритIерчу Талламан комитете дIавигина Абадиев Муса аьлла Абадиев Тамерлана.
Цкъачунна хууш дац Мусан гергарчарна, билггал мича бахьанашца дIалаьцна ву иза.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?