Саламова Елена
19 шо долу Гугов Ислам бала хьоьгучу бахархошна тIехIотта ваханера Шема – амма тIаме нисвелира. ТIамах къаьхкина, цIавеара иза. Ша арабаьккхинчу некъах кхаьрдаш иза велехь, Iедало цунна цхьа а зен дийр дац, баьхнера цуьнга цIерачу Iедалхоша. Амма Iехийна Гугов а, цуьнан адвокаташ а – ехха хан а тоьхна, набахте дIахьажийна жима стаг. Европерчу адамийн бакъонийн кхеле бовла кечлуш бу цуьнан адвокаташ.
Баксанхо Гугов Ислам 2014-чу шарахь вахара Шема – цигара чергазий Iалашбан дагахь вара иза. 15 бутт баьккхина цо тIемаш лаьттачу махкахь, амма ца лелийна герзаш, ца бина тIом – цо ша дийцарехь, машен лелор а, кхача кечбар а хилла цунна тешийна. Вехха лелла иза цIаван дог долуш, шена гонахара тIемалой а Iехийна, ведда Шемара. Цул тIаьхьа, Туркойчохь волуш, Кавказерчу шен дега телефон а тоьхна цо.
Шен кIант цIехьавирзича маьрша витар доьхуш, Баксанан мэрна Мамхегов Хьачимна тIевахана Гугов Анзор. Цо тIемалой дахаре берзочу комиссина хьалхахIоттар хьехна. Анзор цига вахана ца Iаш, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу ФСБ-н хьаькамашка вист а хилла. Ислам маьрша вуьтур ву, нагахь санна цо ша дохковаьлла аьлла яздахь, баьхна ФСБ-хь.
Цул совнах, шега Исламе телефонехула дош а делла къайлахчу сервисан белхахоша, шаьш иза маьрша лела вуьтур ву, тIом бина а ца хилча, аьлла. КIентан дешар меттахIоттадойла а хир ду институтехь, аьлла мэро Махмеговс.
Амма ФСБ оцу юкъанна кхин болх айбина хьийзаш хилла– ша Гугов Исламна дуьхьал, "кхечу пачхьалкхехь тIом барна" аьлла айдина бехктакхаман гIуллакх кIаргдеш.
2016-чу шеран бIаьста кеманца Нальчике веана жима стаг, аэропорте кхоччушехь, лаьцна, сихха кхачийна ФСБ. Ша лаамехь тIевоьду Iедална, аьлла, кечдина кехат а хилла кIантехь, иза дIадаьккхина цуьнгара. Эццахь кхачоррах, кхобу иза изоляторехь, бехкеван волийна, Шемахь тIом а бина, цIавеана террорхо санна (205.5 а, 205.3 а артиклаш).
Хьалхара артикл юхаяккхийтаелла адвокаташка – стохка бехказваьккхина иза оцу декъехь ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело. Амма Ростоврчу тIеман кхело тIехьарчийна шолгIа артикл – кхайкхийна набахтехь такха 16 шо.
Кху деношкахь арз дахьийтина Гугов Исламан адвокаташа Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхеле, элира "Кавказ.Реалиига" царех цхьамма – Чаниева Евас.
"Мемориал" центрерчу Агальцова Маринас а, Шведов Дениса а, Иманова Тамилас а цхьаьна кечдина Оьрсийчуьрчу кхелан инстанцешка аьрзнаш. Кхин тхайн аьтто ца балахь Гугов кIелхьарваккха, Европан кхеле девр ду тхо", - элира Чаниевас.
Оцу адвокатан лаамца кхеле тоьшалла дан веара Баксанан мэр Мамхегов. Амма таIзарх хьалха цаваккхавелла жимха.
ФСБ-но а, кхелаша а гайтинарг вон масал ду, Шемара цIаберза луурш юхабогIу сурт дац хIоттийнарг, аьлла хета адвокаташна а, бакъоларъярхошна а.
"Даймахка юхабахка некъ боцийла хаийтина Малхбале баханчарна. Дуккха а бу Туркойчохь севцца, Шема гина а боцу кавказхой. И нах шаьш цIахь Iедало хьийзош хиларна бевдда даймехкашкара, цхьаберш цига болх лоьхуш бахана. Амма цIабахка тешаме дац царна. Гуговна дийр дац оццул доккха таIзар, иза бехказвоккхур ву бохучух тешна бара нах. Амма хIинца тхох чекх са гур ду оха цIакхойкху наханна", - боху Гуговн кхелехь тIемалошна адаптаци ярехула йолчу комиссин декъашхочо, Бакъоларъяран центран куьйгалхочо Хатажуков Валерийс.
"Оха массо а агIор теллира Гуговца дерг, цуьнан некъ, цIера а, Шемара а дахар. Оха хьийхира цуьнан дена иза цIавалавар, оха тешийра иза а, цуьнан воI а кхерамзаллах. Ткъа тхо шайн аьшпашца Iехийна Iедалхоша, амма цара лар ца дина шаьш делла дош", - халахетарца дуьйцу бакъоларъярхочо.