ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а кхаа баттана чохь вуьтуш ву Барахоев Ахьмад


Ессентукерчу кхелахоша чохь вуьту хан дIаяхйина гIалгIайн жигархочун Барахоев Ахьмадан Лахьан-беттан 10-чу дийне кхаччалц. Маршо Радионо яздира, бехкзуламан гIуллакх дуьхьал а даьккхина, Барахоев Ахьмад лаьцна латтош хиларх. Цунна бехке диллина, Магасехь йоьдучу митингехь Iедалан векална дуьхьалояр. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро иза а, кхи виъ протестхо а политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийра. Барахоев Лахьан-батте кхаччалц лаьцна вуьтуш хиларх хаамбина шен сайт тIехь бакъонашларъяран "Мемориал" центро.

Карладоккху, Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь хIоттийна митинг дIаяхйинера гулбеллачара Iедалшкара пурба а доцуш. ШолгIачу дийнахь уьш дIасалахка баьхкинчу полисхошца тасадаларш хиллера. Охан-баттахь дуьйна республикехь оппозиционераш леца болийра. 96 жигархо жоьпалле озийра, царех 26-нна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш айдина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG