ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь ягорг юттучохь 6 стаг лазийна


Яхначу буса ГIалгIайчуьрчу Сунжерчу ягорг юттучохь эккхийтар а хилла, цIе яьлла. Лазийначу 6-ннах кхоъ дарбан цIийнерчу реанимацехь Iуьллуш ву. Орцанхойн хаамашца, 653 еакIов метар дIалаьцна хилла кхерстинчу цIаро. Сунжан коьртачу дарбан хIусаме балийна хилла чевнаш йинарш аьлла, информаци йитина ГIалгIайчуьрчу орцан министралло шайн сайтехь.

Лазийначу ялханнех цхьа зуда а, кхо стаг а чолхечу хьолехь ду. Ягорг юттучу сервисехь кхерамзаллан техникан хьелаш ледара хиларна нисделла эккхийтар аьлла, дIахьедина регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG