ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бизнес-Online": Кадыровл а хьалхаваьлла Нурмагомедов


Кадыров Рамзан а, Нурмагомедов Хьабиб а
Кадыров Рамзан а, Нурмагомедов Хьабиб а

Оьрсийчоьнан регионашкахь уггар а ларамечу гоьбевллачу нахах экспертийн жамIашца, «Бизнес-Online» хьостано хIоттийначу итт могIаран рейтингехь ву Къилбаседа Кавказера кхо векал. Тептаран хьалхарчу могIарехь цIе яьккхина Оьрсийчуьрчу бусулба Динан урхаллан куьйгалхочун Гайнутдин Равилан.

Цунна тIаьхьа ву ГIезалойчоьнан куьйгалхо Шаймиев Минтимер. К

хоалгIачу могIарехь дIатарвелла ММА-н латархо, UFC-н чемпион Нурмагомедов Хьабиб.

Рейтингехь пхоьалгIачу меттигехь ву Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан.

Ишта хIоттийначу рейтингехь ву Дагестанан цIарах сенатор, олигарх Керимов Сулейман (8-гIа меттиг). 11-чу меттигехь ву пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам, Дагестанерчу Динан урахаллан куьйгалхо Абдулаев Ахьмадна 12 -гIа меттиг кхаьчна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG