ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIурбан денош даздеш бу бусулбанаш


Москвахь Iуьйренан Iийдан ламазаш деш бу бусулбанаш
Москвахь Iуьйренан Iийдан ламазаш деш бу бусулбанаш

Тахана Марсхьокху-беттан 11-чу кIирандийнахь дуьйна ГIурбан (ал-Адхьа) денош дуьйладелла бусалбанашна. Ислам динехь уггаре дезаде (Iийд) лоруш ду Iийд ал-Адхьа.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана мукъаденош билгалдаьхна, меттигерчу бахархошна бусулбачийн дезачух Къурбан де даздан - 12-гIа а, 13-гIа а денош.

Оьрсийчохь бехачу бусулбачийн Динан урхаллан куьйгалхочо Гайнутдин Равиля шайн сайт тIехь дезау денна лерина кхайкхамбина бусулбанаш декъалбеш.

Iийд ал-Адхьа, нохчийн маттахь аьлча, гIурбан Iийда - бусалбачийн коьртачех дезде билгалдоккху Макка зиярте бахначеран хьаьж доьрзучу заманчохь.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG