ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ливехь динчу эккхийтарехь ООН-ан белхахой байина


Ливерчу Бенгази гIалахь Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН) машенна шоьтадийнахь тIелатар дар емалдина ООН-ан инарла секретаро Гуттериш Антониус. Организацин ши белхахо вийна, кхаанна чевнаш йина. Вийначух цхьаъ, хетарехь, кхечу пачхьалкхан вахархо ву аьлла Reuters агенталле Ливерчу дарбан цIийнан лоьро.

Бусулбачара гIурбан деза денош даздечу юкъанна маслаIат ларде аьлла, вовшашна дуьхьал лаьттачу агIонашка дIахьедина ООН-ан Ливерчу векало.

Бенгазихь автомобил эккхийтинчу меттигехь яьккхинчу видео тIехь гуш ду йохка-эцар лелочу урамехь гIаьттина буькъа кIур. Reuters агенталло билгалдоккху, Бенгазихь динчу эккхийтарца кхи цкъа а тохар дина, дуккха а шерашкахь дуьненаюкъаралло дIакхайкхийначу пачхьалкхан ницкъашна а, инарлан Хафтар Халифан тIемалошна а юкъахь дIаяхъеллачу конфликтехь машар бан гIертачу ООН-ан ницкъашна.

Машар бан гIерта ООН-ан мисси ю Ливехь латтош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG