ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь а, кхи а кхаа гIалахь а дIаяьхьначу акцешкахь 325 стаг дIалаьцна


ЦIеначу харжамашкахьа шаьш хилар дIахаийта Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, Ростовхь а, Брянскехь а майданашка ваьлла 325 стаг дIалаьцна. "ОВД-Инфо" сайтан хаамашца, Москвахь полисхоша лаьцна 229 стаг, ткъа Петербургехь - 81, Ростовхь -13, Брянскехь 2. Iедалхошкара бакъо яьккхина митинг дIаяьхьнера Сахаровн проспектехь кехаташ чу ца эцна кандидаташ Москва гIалин думе харжамашка битар тIедожош.

Ишта митингхоша тIедиллина, байначу беттан 27-чохь дIаяьхьначу акцехь къепе йохийна аьлла, дуьхьалдаьхна бехкзуламан гIуллакхаш дIакъовлар а.

"Белый счетчик" волонтерийн организацин зерашца, 60 эзар хила тарлора цу акцин декъашхо. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбора 20 эзар ву бохуш. Протестхойн цхьа дакъа митинг йирзинчул тIаьхьа "Китай-город" метро йолчухьа дIабаханера, цигахь долийра полисхоша церан лецарш.

Байначу беттан 14-чу дийнахь дуьйна схьайохьуш ю протестхойн акцеш Москвахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG