ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тасуханов Сайд-Мохьмад, Финляндин чемпион-охьатохархлатархо, кхелхина


Тасуханов Сайд-Мохьмад, YouTube--ра скриншот
Тасуханов Сайд-Мохьмад, YouTube--ра скриншот

Финляндино дозалла деш хилла 18 шо долу нохчо, охьатохархлатархо Тасуханов Сайд-Мохьмад дайначу кIиран шинарийдийнахь лазийра Тарту (Эстони) гIалина гергахь, пассажирийн автобуссий, шен машенний тIеттIакхетарца.

Даймахка вахана, цигахь денош а даьхна, Финлянде юхавогIуш хилла Тасуханов некъахьовзам хуьлуш. Финнийн латархойн Helsingin Paini Miehet клубо халахетарца хаийтина иза некъахьовзамехь хиллачу чевнех Тартурчу дарбанцIийнехь кIирандийнахь дIаваьлла хиларх лаьцна.

"Дагахьбаллам бийца ца тоьу дешнаш. Ши бутт бен бацара Тасухановна Финляндин паспорт делла, иза дуьненаюкъарчу къовсамашна кечвеш дара тхо", - яздина клуберчу цуьнан накъосташа.

Финляндехь 20 шераш кхачанза болчу спортхошлахь пхоьазза чемпион ваьлла охьатохархлатархо вара Тасуханов Сайд-Мохьмад. Яхначу бIаьста махкарчу гIеметтарчу латархойн чемпионатехь шолгIа меттиг баьккхинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG