ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу футболехь кхелахочух "газа" аьлларг дIаваьккхина балхара


"Ахмат" –"Спартак" ловзуш, 82-чу минотехь, кхелахочух Сухин Алексейх "газа" аьлла.

"Ахматан" коьрта тIелатархо Мбенга Аблай кхелахочо ловзарна юкъараваккхар ца тайра хьовсархошна. Мила ву хууш воцчу цхьамма, ерриг а стадионна а хезаш, микрофонехула мохь хьаькхира: "Газа ю кхелахо", хаамбо "Спорт Экспрессо".

Цул тIаьхьа ах сахьт даьлча, 3:1 жамI а долуш, тоьлла "Спартак". ТIаьхьакхиина таллам бинарш мила хилла кхелахочух "газа" аьлларг. "Ахмат Аренин" пресс-гIоьнчаллин белхахо – ткъа хIинца "хилла белхахо" - Эдильсултанов Ризван ву иза. Куьйгалло даржах вохийна Эдильсултанов.

Дуьххьара дац Соьлж-ГIаларчу стадионехь кхелахочух "газа" алар. 2013-чу шарахь, микрофон чухула мохь тоьхна, арбитре Вилков Михаиле, "Вохкавелла кхелахо, газа ю хьо", элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG