ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цигахь аьшпаш буьтту. Интернетехь а буьтту уьш, амма цигахь харжа аьтто бу"


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ХIинжа-ГIаларчу бахархоша дийцина "Кавказ.Реалии" корреспонденте, шаьш телевизоре хIунда ца хьовсу

"Левада-Центро" бинчу талламца а догIуш, телевизионах тешачу Оьрсийчуьрчу бахархойн дакъа лахделла 54% кхаччалц. Цуьнца цхьаьна 10 шо хьалха телевизорх тешаш бара 79% нах.

Карарчу хенахь махкарчу бахархоша информаци оьцучу коьртачу телеканалашна юкъахь ю "Россия-1" а (цуьнга хьовсу 48% бахархой), Хьахара (Первый) канал а (47%), ткъа иштта НТВ а (36%).

Левада-Центран талламехь дакъалаьцначерх 32% нахана керланаш девза интернетера, 18% – гергарчаьргара а, беза-бевзачаьргара а, 15% ладугIу радиога, 12% газеташ оьцу, 1% доьшу telegram-каналашкахь яздинарг.

"Со "Одноклассники" тIехь хьожу"

Оьрсийчоьнан телевизионехула гойту Украинехь а, Iамеркехь а хилларг, Оьрсийчуьра проблемаш хьехош а яц, эргIад оьху 43 шо долу ХIинжа-ГIалара вахархо Руслан. Цундела коьрта керланаш шена социалан машанашкахула девза, боху цо.

"Мичча дIатоьхча а, юьйцург Украина ю. Ткъа пачхьалкхехь хуьлург хIун ду, иза лачкъийна ду? Кхузахь дуккха а проблемаш ма ю. Украинех а, Iамеркех а лаьцна цара дуьйцу, цIахь хуьлучун тIера ойла дIаяккха. ЛадогIийша! Кхетта тхо! Адамаш къелла муха хьоьгуш бу дийца цулла а. Митингах лаьцна суна, масала, инстаграмехула хиира, ткъа телевизионехула гойтуш хIумма а дац, дешан маршо яц", - дуьйцу Руслана.

"Юкъа-кара хьожу. ХIун ду цигахь?" - хоьтту 66 шо долчу пенсионеро Маржаната.

30 шо долу медицинан йиша Мадина телевизоре хьожу ца яьллачу денна.

"Наггахь хьожу со. Телевизионехула дуьйцург суна ца яьллачу денца хезаш ду, иза тхан ден даима а латийна латтош йолун дела. Керланех ца теша со, ткъа киношка хьажар гIоле хета суна, цхьа а юкъахь реклама а йоцуш, пиратийн сайташкахула", - бохуш дуьйцу цо.

19 шо долу Мохьмад университетан студент ву историн факультетехь доьшуш волу. Телевизор цхьа наггахь а бен лата ца йо ша, бохуш дуьйцу цо, шена уггар коьртаниг интернетехь хиларна.

"Керланаш довза каналаш ду You-Tube-хь, амма вайниш дац уьш. Deutsche Welle, Euronews, "Радио Свобода", наггахь "Дождь" телеканалан роликашка а хьожу со, "Настоящее время" а хьожу Олевский Тимуран. Кхечанхьа со ца гIерта. Суна иза тоьаш ду. Аниме а, ловзарш а ду суна оьшурш".

"Яьшкане" ца хьоьжу 29 шо долу сурташдахархо Ахьмад. "Цигахь аьшпаш бутту. Интернетехь а буьтту, амма цигахь харжа аьтто бу" - боху цо.

Изза аьлла хеташ ю 29 шо долу юрист Фатима:"Наггахь хьожу со, ала мегар ду. Бакъдерг дийцича, сайна оьшург суна интернетехь карадо. Телевизоре хьежа хан ю аьлла ца хета суна сайн".

Телевизоре ца хьожу эскаран гIуллаккхо 42 шо долу Курбан. Шена оьшург You-Tube-хь карадо шена боху цо а.

"Телевизоре хьежа хан хьена ю? ХьалагIотту Iуьйранна 6 сахьт даьла, цIавогIу сарахь 9 даьлча", - латкъам бо некъаш тобеш болх бечу 34 шо долчу ИбраьхIима.

Парикмахер болх беш ю 44 шо долу Светлана. "Сан яц телевизор, - йоьлу иза. – ХIинца а ца эцна ас иза".

"ХIумма хуьлуш дац"

Оха хаттарш деллачу нахах телевизионе хьожурш шина декъе бекъа мегар ду. Цхьаберш керланашка ладогIа лууш хуьлу, вуьйсуш - кино хьажа.

Шен цIе яккха ца лиинчу 21 шо долчу косметолого боху телевизионехула массо а хIумане хьожу ша. "Хьожу сих-сиха. Кераланш ца деза суна. Ткъа вуьшта, массо а хIумане хьожу, сериалашка а...", - дуьйцу цо.

" Прибой а, Истори а, Сан Планета а программашка хьожу со. Керланаш дукха цхьатера хуьлу. Царна тIе тидам ца боьду сан. Суна хаза хета дуьненахь хуьлучух лаьцна гойтуш. Пачхьалкхехь хуьлург хаа а лаьа, амма суна иза хIунда хуьлу хууш ду – хьакъ доллуш урхалла деш дац пачхьалкхана. Вайн территори инзаре йоккха ю, хала ду дера", - боху 80 шаре ваьллачу пенсионеро Максима.

Дагестанера пенсионер Максим керланашка ца хьожу. Даима а гойтург цхьатерра ду аьлла хета цунна.
Дагестанера пенсионер Максим керланашка ца хьожу. Даима а гойтург цхьатерра ду аьлла хета цунна.

"Дера хьожу. Коьртачу декъана спортан каналаш я керланаш. Керланашка хьожу тIеIотталахь", - боху 41 шо долчу совдегаро Ахьмада.

36 шо долу Ислам керланашка а "Дежурная часть" программе а хьожу "Россия 24" телеканалехула. Хьалхарчу канале баш хьожуш Iедал дац цуьнан, цо наггахь а бен керланаш ца гайтарна. Цу каналехь сериалашка хьожу ша боху Ислама.

43 шо долчу хьехархочун Наидина хаза ца хета Дагестанан телевизион, цигахь аналитикан программаш ца хиларна.

"БIаьрзе" сериале хьожуш ю со, Нина цIе йолчу йоккхачу стагах лаьцначу. ЧIогIа хаза ю иза. Массо а билгалонех лаьцна дуьйцу. Кхин а киношка а, керланашка а хьожу со. Дагестанан телевизионе ца хьожу. Цхьа юьхь а, чакхе а яц. Еккъа информаци ю луш. Анализ яц, хIун ду хуьлуш, хIунда хуьлуш ду иза бохучун", - элира Наидас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG