Оьрсийчуьрчу нахалахь гIеххьа, я "юккъера" таро йолу нах багарбина РИА "Новости" агенталло. Уггаре кIезиг бу и тайпа бахархой ("юккъера класс") Къилбаседа Кавказехь.
Талламо бахарехь, массарел кIезиг бу "юккъера таро" йолу нах ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Кхарачой-Чергазийчохь – 1,9 - 4,4 процент.
Уггаре дукха ю бахархошлахь "юккъера класс" Ямал-Ненцойн, Магаданан, Чукотка мехкашкахь – 34-45%.
Лакхарчу итт меттигашна юкъайогIу Москох (26,8%), Петарбух (25,7%).
Оьрсийчоьнан статистикан урхалло (Росстат) даржочу терахьех дина жамI ду РИА "Новости" агенталло далориг.
"Юккъерчу классера" лору агенталло машен, хIусам эца йиш йолу доьзалш. Оцу класса юкъабахийтина талламо, машен, цIа оьцуш даьккхинчу кредитах банке беттан ахча дIаделча, доьзалшна чIана латтийча, бухадуьсу ахча шина баттахь хIора доьзалхо кхаббал дерш.