Путин Владимиран цIарца йоьзна хир йолу Оьрсийчоьнан историн хан йолаелира 1999-чу шеран Марсхьокху-беттан 9-чу дийнахь. Дуккха а ханна Оьрсийчоьнан Iедалан юьхь хилла волу Путин Владимир хийцавелира политикан а, адамаллан а, гӀораллин а агIор. Кху суртийн галерейхь гуш бу Путинан эпохин 20 шарахь хилла и хийцамаш.
Путин Владимир. Iедалан юьхь

5
Президент Путин Владимир а, "Союз правых сил" партин Пачхьалкхан Думерчу фракцин лидер Немцов Борис а. 2000 шо, Товбеца-бутт. Немцов 90-гIа шераш чекхдовлуш хьехош вара Ельцинан метта хила мега бохуш, амма тIаьхьо цунах хилира Путинна уггар луьра критика ечу нахах цхьаъ. Немцов вийра 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-хь Москох Доккха ТIулгийн тIай тIехь, Кремлна масийтта бIе метр гергахь

6
Карелерчу Кижи ваханачу хенахь. Марсхьокху-бутт, 2001 шо

7
Путин Владимир ву Нью-Йоркехь Дерригдуьненан махбаран центрехь терроран тIелатар дича байинчу нахана хьажийначу мемориалана уллехь. Лахьанан-бутт, 2001 шо

8
Волга хи тIехь чIерий луьйцуш. Оханан-бутт, 2002 шо