Путин Владимиран цIарца йоьзна хир йолу Оьрсийчоьнан историн хан йолаелира 1999-чу шеран Марсхьокху-беттан 9-чу дийнахь. Дуккха а ханна Оьрсийчоьнан Iедалан юьхь хилла волу Путин Владимир хийцавелира политикан а, адамаллан а, гӀораллин а агIор. Кху суртийн галерейхь гуш бу Путинан эпохин 20 шарахь хилла и хийцамаш.
Путин Владимир. Iедалан юьхь
21
Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир а, Ливин куьйгалхо Каддафи Муаммар а Москох цхьаьнакхетарехь. Кхин а 3 шо даьлча, 2011-чу шеран ГIадужу-баттахь, Каддафи, даржах а вохийна, вийр гIаттамхоша
22
Оьрсийчоьнан премьер-министр Путин Владимир къамел деш ву Дрезденерчу пачхьалкхан оперехь. Цигахь цунна елира орден. Дечкен-бутт, 2009 шо. 1980-чу шерашкахь, ша КГБ-н эпсар волуш, Путин гIуллакх деш вара Дрезденехь
23
Къилба Сибрех садоIуш. Марсхьокху-бутт, 2009 шо
24
Путин ву Москох гергахь Седанийн гIалахь Гагаринан цIарахчу космонавташ кечбон центрехь. Оханан-бутт, 2010 шо