Путин Владимиран цIарца йоьзна хир йолу Оьрсийчоьнан историн хан йолаелира 1999-чу шеран Марсхьокху-беттан 9-чу дийнахь. Дуккха а ханна Оьрсийчоьнан Iедалан юьхь хилла волу Путин Владимир хийцавелира политикан а, адамаллан а, гӀораллин а агIор. Кху суртийн галерейхь гуш бу Путинан эпохин 20 шарахь хилла и хийцамаш.
Путин Владимир. Iедалан юьхь
29
Оьрсийчоьнан премьер-министран даржехь 4 шо даьккхинчул тIаьхьа 2012 шарахь Путин Владимир юха а хаьржина Оьрсийчоьнан президент.
Сурта тIехь Путин а, цуьнан зуда Людмила а дIадоьдуш ду Кремлехь Соборан майданахь инаугураци хиллачул тIаьхьа. Стигалкъекъа-беттан 7-гIа де, 2012-гIа шо.
Кхин а цхьа шо даьлча ПутингIара дIахьедар дийр ду шаьшшиъ дIасакъастарх лаьцна. Официалан кепара зуда йоцуш лоруш ву Оьрсийчоьнан президент

30
Вевзаш воцучу Салтичун Коше зезагаш дохкучу церемонехь. Стигалкъекъа-бутт, 2013 шо
31
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Iамеркин президент Обама Барак а Британин Къилбаседа Ирландехь хиллачу G8 саммитехь. Мангалан-бутт, 2013 шо. 2014 шарахь ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоь дIаяьккхира G20 тобан юкъара.
32
Путин Владимир Минскехь Украинин президентца Порошенко Петроца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цигахь дийцаре дира Донбассера хьал. Марсхьокху-бутт, 2014 шо