ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диъ шо долчу кIанта ах миллиард соьмах петар эцна Москох


Эбзеев Борис
Эбзеев Борис

Навальный Алексейн Коррупцица къуьйсучу фондо чIагIдарехь, Оьрсийчоьнан Харжамийн Коьрта комиссин декъашхочун Эбзеев Борисан кIентан кIанта Эбзеев Артура Москох юккъехь эцначу петаран мах бу 500 миллион сом. Петар цо эцна шен 4 шо долуш.

«Дашо чаккхарма» («Золотая миля») олучу куьпахь, Зачатьевскан урамехь ю юьйцу 274 квадрат-метр йолу петар. Эцна иза Эбзеев-жимахчо, документаша бахарехь, 2009-чу шарахь.

Навальныйс билгалдоккху, петар кIантанна совгIат йина а йоцуш, цо ша эцна хилар.

Петар эцначу беран денден а, Оьрсийчоьнан Пенсийн фондехь болх бинчу ден а хуьлийла дацара петар эццал ахча, церан алапаш вовшахтоьхча а, боху Навальныйн Фондо.

Ша эцна петар 2013-чу шарахь Эбзеев Артура (8 шо кхаьчна хуьлу цуьнан оцу шарахь) дIайоьхкина, кехаташа дийцарехь, Британин Виргинийн гIайреш тIерачу офшорна. Беро оццу муьрехь эцна Москох махкахь кхин гIишлош.

Эбзеев Борис ву юридикан Iилманийн доктор, 1991-чу шарахь дуьйна болхбина Оьрсийчоьнан Конституцин кхелехь. Цул тIаьхьа лаьттина Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхо, ткъа тIаьхьо юхавеана Конституцин кхеле.

Эбзеев Артуран бахамаш бовзийтина Навальный Алексей, административан бехктакхаме а хIоттийна, лаьцна ву кху муьрехь.

ЭбзеевгIара цкъачунна комментари ца йина Навальныйн блого бинчу хаамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG