Журналиста Шевченко Максима ша аьллачу "кIон дешнашна" шена къинтIера валар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане.
Шен YouTube-каналехула Шемал-имамах лаьцна дицинчунна Кадыров "дохковаьлла" аьллера Шевченкос.
Амма иза эфир йина воллушехь, телефон тоьхна цуьнга, цо ша бахарехь, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, "товш доцу дешнаш" аларна бехк а боккхуш.
"Со, кхеташ ду, кийча ву айса аьлларг юхаэца", - аьлла Шевченкос.
"Чечня сегодня" ("Нохчийчоь тахана") агенталлина ша еллачу интервьюхь Кадыровс критика йинера Нохчийчохь а, Дагестанехь а I9-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнан экспансина тIемашца дуьхьаллаьттинчу Шемал-имамна.
Луларчу Дагестанан спортхоша а, Кадыровца хьошаллехь болчу юкъархоша а, могIарчу бахархоша а социалан машанашкахула халахетар къадийра цо имаман иэс хьадарна. Ткъа Кадыровс шолгIачу дийнахь дIахьедира, шен дешнаш лачдаьхна шегара интервью эцначу журналисташа, аьлла.