ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iайшин цхьана а гергарчо хаьттина яц иза соьга"


ГIалгIайчуьрчу берийн омбудсмен Чахкиева Зарема
ГIалгIайчуьрчу берийн омбудсмен Чахкиева Зарема

Ажигова Iайшатна операци ярх, цуьнан доьзалх, хиндолчух дуьйцу берийн бакъонашларъярхочо Чахкиева Заремас

Дейишас Iазапехь латтийначу ГIалгIайчуьрчу ворхI шо долчу Ажигова Iайшин куьйг дIадаккха дийзи. Доллу дуьненна а шен трагедех гIарадаьллачу йоьIан дезар ду яха Iама а, ша доггах езар йолу хIусам шена лаха а. Иза дуьненчу яьккхинчу ден а, ненан а цуьнца бала бац. "Кавказ.Реалии" портале ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун цIарах берийн бакъонашларъян векал йинчу Чахкиева Заремас дийцарехь, оцу цхьана бетта чохь цхьана гергарчу стага телефон тоьхна яц йоьIера хьал-де хаа. Кхаа баттанна Iайшатан доладар шена тIелаьцна Чахкиевас.

"Суна схьахетарехь, наналла самадалаза адам ду иза. Кийча хилла хир яц иза нана хила", - бохуш, дуьйцу омбудсмено Iайшин ненах лаьцна.

Iайшатах, ампутацех, йоьIан дейишех

– Зарема, кху деношкахь, хала хеташ делахь а, Iайшатан куьг дIадаьккхина. Муха ю иза?

– Iайша – Iаламат позитиве, цхьа дика бер ду. Даим къажа а къежна ю иза, цхьанхьара музыка хезча, хьала а эккхий, хелахаюьйлу иза, эшарш лоькху цо. Йодий лела, буьрканах ловзу, планшет тIехь мультфильмашка хьоьжу.

ЭтIон Iайшат дIаюьгучу хенахь, хаьттира цо: ша хIун дан юьгуш ю аьлла. Рентген йийр ю боху аса. "Аааа! Сурт доккхуш ду? ТIаккха-м реза ю со", - аьлла, жоп делира цо.

7 шо долу Ажигова Iайшат Оьрсийчоьнан омбудсменца Кузнецова Анница
7 шо долу Ажигова Iайшат Оьрсийчоьнан омбудсменца Кузнецова Анница

- Со а цхьана, массо а тешна вара, куьг дIа ца доккхуш, доьрзур ду аьлла. ЧIогIа Iадийнера со, лоьраша ампутаци ян еза аьлла, схьахаийтича.

– ХIаъ, ишта со а яра йоьхна хьийзаш, куьг лаккхара дIадаккха деза аьлча.

– Iайшин цхьана ханна Iуналла дар хьайна тIелаьцна йолчу хьуна, хала дарий, куьг дIадоккху операци ян бакъо луш кехатна куьгъяздан?

– Ас хаьттира берийн хирургин, травматологин клиникан президенте Рошаль Леониде: ас документна куьг ца яздича хIун дара-те аьлла. Цхьа формале хIума ду иза, ахь бакъо лахь а, ца лахь а, ампутаци ца йича йиш яц элира соьга.

– Ткъа хилларг дан хIун ду? Iайшатан дейишас стенна дIадихкина латтийна хилла цуьнан куьйгаш карсца?

- Iайша цхьана ор чу йоьжнера, хIетахь кагделлера цуьнан куьг боху дейишас. Шеггара цунна дарба лелош яра ша боху. ЧIагIонаш йо цо, шена куьг кагделлийла ца хаьара, хIунда аьлча, куьг лозу бохуш, латкъамаш йоIа цабарна.

– Ганиевас дийцарехь, чорпех буьзначу яй чу а хиина, ягийна хилла йоI. Хьуна бакъ хетий, ворхI шо долчу беро иштаниг дийр ду аьлча?

– Суна хетарехь, гIурт бу буьйцург..

– Хьуна ган а гиний йоьIан дейиша?

– Гина, Наьсарерчу берийн дарбан цIийнехь гира суна иза. Цигара телефон тоьхнера соьга, гергарчу зудчо йиттина бер далийна аьлла. Со шегара бехкаш даха йолаелча, суна тIекхохкаелира иза: "Бакъ дац иза, хьо доцург кхуллуш ю шена", бохуш.

Елла дIаяллалц набахтехь латтор ю хьо, ахь динчу зуламна, нагахь дуьненан кхелах яла аьтто балахь а, Дала бийр бу хьуна бекхам элира ас цуьнга.

Моха еанера цунна тIаккха, ша хьалхо дарбан хIусаме йигинера йоI, амма лоьраша тергал ца йира ша бохуш, дуьйцура цо. Эццахь баьхкинчу полисхоша дIайигира иза.

Со цхьана хIуманах кхеташ яц, полисхо волчу цуьнан цIийндас муха магийтина цу тайпа хIума. Шен чохь дерг гуш ма хилла иза!

– Шен Iазапхочух хоьттий Iайшата?

– Оха иза дагаян а ца юьту йоI, психологаша боккха болх бу цуьнца дIахьош. Ганиевех цхьа дош ца олу Iайшас. Хетарехь, "delete" олу нуьда а таIийна, дерриг а хилларг шен коьртара дIадайина цо.

Юьхьанца, ша яьхначу хIусамерчу шина кIантах лоций дуьйцура цо. Юха уьш а бицбира. Дукха нах ма бу цунна тIеоьхуш, иза ган. Клиникехь керла доттагIий а бевлла, шен дахаран керла мур болийна цо.

– Муьлш бу йоI йолчу оьхурш?

– Цуьнан сингаттамна орцахбевлларш, цунах доглозурш, кавказхой. Карахь-куьгахь дохьуш богIу, тайнигаш кхоьхьу цара. Соьга телефонаш етта, хьал-де хаттарца, шайгара хIун гIо оьшу хоьтту. Массеран а бала кхаьчна йоIаца, со йоккхае адам ишта хьовзарна.

– ХIинца а, хьалха а санна, морожни, даьттанчохь еттина гарзанаш а йоьхий цо?

– Юучух чам баьлла цуьнан. ХIун йохьур яра аса хьуна аьлла, хаьттича: "ХIуммаъ" олу дуьхьал. Юьхьанца юург йоьхура, инзаречу хьелашкахь латтош ма хиллера иза.

Ден-ненан бендацарх а, йоI цIартIе яккхарх а

– Тобанашкахь нах оьху боху ахь йоI шайн доьзале дIайига лууш, иза а Iаламат дика ду, ткъа стенгахь ду йоьIан да а, нана а? Хьоьца зIене бовла гIоьртиний уьш? Да, нана, йа Iайшатан дехой, ненахой?

– И йоI дарбан цIийне ялийчхьана соьга телефон тоьхна яц Iайшатан цхьана гергарчо: йа нанас а, йа дас а, йа девежарша а.

Йоллу республикана евзаш ю сан телефон, массо а официалан сайташкахь билгалъяьккхина а ю иза.

Соьгарчу хаамца, Iайшин да Нохчийчохь вехаш ву, нана стенгахь ю хууш дац суна. Наьсарара дарбан хIусамехь бен гина яц суна иза. Арахь латта а лаьттина, дIаяханера иза.

– Цхьана хIуманах кхоьруш ю-те иза, йа шен йоIаца баккъал а бала боцуш ю?

– Цхьана хIуманах кхоьруш яц иза! Цхьанга-м аьлла хилла цо, шегара бер дIадаьккхинера. Баккъал а йолчу ненан карара бер доккхур ду аьлла суна ца хета. Нагахь санна, шен бер дIадезаш и нана елахь, шен гергара нах хIунда дуьйцура, йоллу ГIалгIайчоь гIаттор ю цо тIаккха.

ХIаъ, ишта хуьлуьйтур вац, йоI дIаяьккхина цуьнгара бертаза, ткъа хIинца стен новкъарло йо цунна Москва яха? ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела а, со а, тхо кийча ду-кх цуьнан некъах а, Москвахь лаьцначу хIусамах а, цунна мел оьшучух а ен йолу харж тхайна тIелаца, иза шен йоIаца хилчхьана. ШолгIа бутт болабелла, ткъа нана яц! Оха-м дIатосур яц йоI, амма ненан метта хир вац цхьа а.

– Ханна жима хиларна, шегарчу жоьпаллех ца кхеташ ю те иза?

– Цуьнан мел хан хиларх а, со кхетарехь, ненан дог дац цуьнан кийрахь. Нана хила кийча хилла хир яц иза аьлла ю-кх сан ойла.

– Хьога шен нана хила бохуш, дехар ма динерий Iайшата.

- ХIаъ, цкъа коьрте иккхира сан и ойла. Хазахетарца ас сайна юьтур яра и йоI, амма со ийзало, нах нийса кхетар бац сох. Сан йоьIан 11 бутт бу…

Ткъа Iайшат лело доьзале оьцург массо а хIуманах маьрша хила веза, хIунда аьлча, еххачу хенахь реабилитацехула лело езаш ю иза. Даимна а цунна улохь стаг везар ву.

Бакъду, со даржера дIаялахь а, ас даим а терго латтор ю цунна тIехь.

– Оьрсийчоьнан омбудсмено Кузнецова Аннас бахарехь, дуккха а доьзалш бу Iайшат дIайига лууш.

– ХIаъ, дуьненан массо а маьIIера телефонаш етта соьга: Чехера, Францера, Великобританера, Норвегера, Швейцарера, Австралера, Iамеркара..

Тахханехь Iайша шаьш долчу дIайига кийча ду шаьш аьлла, яздинера Цхьанатоьхначу Штаташкара. Нагахь эшахь, цхьана ханна ГIалгIайчохь совца а таро ю шайн бохура.

Сан ницкъ ца тоьа хIоранна а дIахаийта, сан карахь дац йоI доьзале нисъяр, кхин органаш ю оцу гIуллакхна компетенте. Кхаа баттана цуьнан доладан реза хилла со, хIунда аьлча, операци ечу хенахь оцу йоьIан Iуналла дан стаг вара оьшуш.

Массо а кепара иштачу хьелашкахь кхачочу ахчанна дуьхьало йина ас. Цхьана сана со лела аьлла, нахана ца моттийтархьама. ЙоIана дарбадарна тIехь хаддаза терго латтош ву мехкан куьйгалхо Калиматов Махьмуд-Iела. ХIоразза а хоьттуш Iаш ву иза соьга: хIун оьшу, муха хьал ду цуьнгахь бохуш.

Iадатех лаьцна

– И трагеди бахьана долуш, дукхахболчара дийца даьккхина, нана шолгIа маре яхча, цуьнгара бер схьа а даьккхина, дегахь дуьтуш лела ламаст зене ду бохуш. Хьуна хIун аьлла хета: пайден ду иза, йа зене ду?

- Оцу хаттарна кхачо йолллуш цхьаммо а жоп лур дац хьуна. ХIуъа хиллехь а, бер ненаца хила деза аьлла хеташ ю со. Оьрсийчоьнан низамо баьхна ца Iаш, Делан низамо боху изза, КъурIанехь яздина а ма ду иштта.

Амма халахеташ делахь а, зудий, майрий къаьстачу хенахь цара цхьаммо а ойла ца беран.

Уггар а сан дог детIарг хIун ду хаьий хьуна? Доьзалехь пхиъ, ялх, ворхI, бархI бер ду, тIаккха гучудолу дена а, нанна шаьшиъ цхьана догIуш цахилар. Оццул доьзал стамбелча, цхьа бер дуьненчу хьан даьллехь а, муха мегар ду шен сине верза, къаьсттина зуда?

Яхначу заманчохь Кавказерчу зударша атто хьегна? Ца хьегна! Тхан наноша, церан наноша дукха халонаш лайна: шело, мацалла, махках дахар. ХIетте а доьзалан кхерч ларбина цара.

– Ахь чIагIдо, бер ненаца диса деза бохуш. Наной а бу тайп-тайпана, цхьайолчу нанас бIаьрганегIар ца тухуш, охьадуьллу бер.

– ХIаъ, иштаниг а нисло муьлххачу къоман юкъахь. Дера, нагахь санна, и нана сий дойуш лелаш елахь, цуьнгахь бер дуьтийла яц.

Нагахь санна, да къаьркъа молуш велахь - цунах а бер тешадойла яц.

Кхи а цхьа хIума ду со ца кхеташ. Зуда йогIу со йолчу, шен бераш схьадаха лаьа шена олий. Ас дуьхьал дIа хотту: "Хьаьнгара схьадаха лууш ю хьо?".

Дукхахберш ца кхета, ненан а санна, оцу ден а бакъо хилар шен берийн доладан. 50/50 бакъо ма ю цу шиннан а.

– Шайн бер схьадоккхуш гIо доьхуш, кест-кеста дой хьоьга дехарш?

– 2015-чу шарера схьа дуьйна болх беш ю со. Бакъдерг ала догIу, дуккха а наной бу шайн бераш дайшкара дIадаха лууш. Тхан менталитет бахьана долуш, божарий реза ца хуьлу бераш цаьрга дала.

Амма ца дуьйцийла яц цуьнца бIостане долчу хIуманех а: деда, денана дIаяхначу зудчун хилла цIийнда а цунна тIаьхьуьдуш лела, бер жимма онда даллалц хьайца дитахьара ахь бохуш. Амма цунна уьш хаза-м ца хеза.

Оцу адамех шех доьзна ду дерриг а. Масала, дас бераш дIадаьхначу нанас орца дехнера соьга. Интернатехь доьшуш дара церан бераш. Шен берех бIаьрг тохархьама, уьш урокера арадевлча, уьйтIахь ловзучу хенахь, дийнахь а, буса а интернатан коьвнехь лаьттара иза. Оха гIо дира цунна, кхело бераш ненехь дуьтуш, сацам а бира.

Нагахь санна, оцу нанна шен бер эшахь, цо тIехтосур ю шен амбицеш а, кхидерг а. Ткъа тхан муха нисло? ХIора майра а, зуда а шениг хьалха а доккхий, вовшашна луьйш лела, ур-атталла, кхелехь а цхьана. Ткъа церан бераш баланехь хуьлу.

– Социалан машанашкахь а оцу исторех лаьцна дуьйцучу заманчохь, яздора гIалгIайн доьзалашкарчу къизаллех. ХIара хилларг – цкъа а хила йиш йоцург ду, йа могIарера гIуллакх ду? Ас хьалххе дIабоху: оцу хаттарна жоп суна сайна хууш ду, делахь а кхечарна ахь цунах лаьцна алар доьху ас.

– Доьзалан мехаллаш коьрта ю гIалгIайн юкъараллехь. Къаной а, бераш а уггар деза а, сийлахь а ду тхуна. Цундела Iайшица нисделларг - тхуна инзаре хета, массарна а шок хилла цунах.

Наьсарарчу дарбан цIийне со кхаьчча, хиллачунна тIекхуьуш яцара со. Реанимацехь бер гира суна, лоьраша гобина. Цуьнан дегIа тIера чевнаш гича, жIаьлеша иза этIийна моьттинара суна.

Лоьрийн коьртеш тIехула дIа бIаьрг кхийтира сан Iайшех: "Хьо хир яцара сан нана?" аьлла, хаьттира цо соьга.

Дейишас бина и болх цунна тIаьхь сайга аьлча, со Iадийнера.

Суна ечу критикех

– Хьуна хьайна а хууш хир ду, Iайштан трагеди бахьана долуш, ахь бечу балхана резабоцуш, емалйо хьо. Ткъа хIунда ца го царна, гуро лаьцча санна, йисина йоI?

– Дукхахболу нах ца кхета берийн бакъонашларъярхочун балхах а, верасалла дечу органийн балхах а, кхиазхойн гIуллакхашна тIехь терго латточу хьукматан декхаршца а. Церан шайн-шайн декхарш дуйла- ца хаьа йцарна

Соьга аьрзнаш кхочу, школехь берийн бакъонаш ца ларйича а, масала, директоро ца оьшург аьлла, берийн бешахь, йа дарбан цIийнехь терго ца йина олий.

Бакъду, Iайшех лаьцна сигнал кхьачна яцара соьга. Суо кIелхьаръяккха гIерташ яц со, дерг ма дарра довзуьйтуш ю.

Хеттарш дуккха а дуьсу: маца йина цунна тIаьххьара прививка? Школе яха хан йолуш ю иза. Яханий? Ца яхна. Леллий иза берийн беша? Ца лелла! ЖIаьлийн нускал санна, ша хьалакхиъна-кх иза, цхьанна а ган а ца гуш.

Лулахоша дIахоуьйтуш меттигаш а ма нисло тхан балхаца, нагахь лулахь аьтто боцуш доьзал нисбеллехь. Тхайга кост ма кхеччи, полисхой а, кхиазхошна тIехь Iуналла латточу органашкара белхахой а оьций, информаци бух болуш юй хьовса доьлху тхо. Адам кеп-кепара ма ду, аьшпаш боьттина меттиг а ма нисло.

Нагахь тхо дIакхаьчча, и доьзал гIо оьшуш белахь, кIоштийн куьйгалхой а, социалан дакъош а юкъаозадо оха.

Сайн ма хуьллу хьийзаш-м ю со, делахь а дерриг а кхочуш ца дало-кх.

– Дуьххьара Iайштаца Iорайийлинчу видеош тIехь йоьлхуш гора хьо, аз дегош ду хьан хIинца а, иза юьйцучу хенахь. Оцу жимчу йоIа хийциний хьо? Стенах кхетийна цо хьуна?

- Суна ницкъ белла цо. Сан 33 шо ду, суна гина цуьнан дегIа тIера ирча чевнаш. Цуьнан метта хиллехь со тоххара елла хир яра.

Кисеш юкъара даьстина цуьнан куьг гичхьана, наб йоьхна сан. Цо лайнарг шена тIехIоьттича ишта майрра милла а чекхвер вара аьлла ца хета суна.

Цкъацкъа маликаша иза Iалашъеш санна хета суна, лазарш ца хаадолуьйтуш цунна. Цуьнга хьоьжучу заманчохь, цецъюьйлу со: ворхI шо долчу беро муха лов-те оццул бала?

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG