ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь дагестанхой байар Дагестанехь листийта реза яц Оьрсийчоьнан Лакхара кхел


Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело ца магийна Нохчийчохь 8 дагестанхо вер кхечу регионан кхеле листийта.

Байина дагестанхой бехкебина Нохчийчохь полисхошна тIелатарна. Гергарчара чIагIдарехь, веле массех де хьалха, шайн цIера лачкъийна хилла барххIе а дагестанхо. Оцу хьокъехь хаамбо телеграм-каналехула адвокато Сабинин Андрейс, боху "Медиазоно".

Байинчийн гергарнаш а, церан адвокаташ а ца теша Нохчийчуьрчу кхело ша дов луьстуш нийсо йийриг хиларх, цара цундела дехнера Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле гIуллакх Дагестанан кхелахошка далар.

Талламчаша бахарехь, 2016-чу шеран гуьйренан буса Нохчийчохь шайн шина машенан кехаташка хьажа, уьш совцо гIоьртинчу полисхошна тIе герз тоьхна дагестанхоша. Оцу тасадаларехь яьгна машенаш, чуьранаш а богуш. Белларш бехкебо низамца а доцуш герзашца леларна а, полисхошна тIелатарна а.

Беллачийн доьзалша тоьшалла до шайн нах цIера дIабигина хиларх а, шаьш протестан акцеш хIитто доьлча, лецнарш Нохчийчохь байина хиларх а. Гергарчара чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу полисхоша, кеп хIоттош, шаьш-шайгара кхоьллина хилла а доцу "тIематасалар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG