ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таркхойн хIорда тIехь долийначу тIеман Iаморашка араваьккхина эзар эскархо


ХIордан эскаршкара 1000 салти а, 300 тIеман техника а ю дакъошна герзаш карадерзош Дагестанерчу полигонехь дIахьочу тактикан Iаморашкахь, хаамбо "Интерфаксо", Къилба федералан тIеман гонан пресс-гIоьнчаллина тIе а тевжаш.

МостагIчун иччархой-диверсанташ тIелетча Дагестанера хIордайист Iалашъян Iамош ду эскарш.

ХIорда чуьра берда тIе а биссина, тIелата тарлучу десантхошна дуьхьаллаттар ду инарлаша эскархошна карадерзо дагалаьцнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG