ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хакимова Байсет яларх долу дов талламчашка дижадайта реза яц прокуратура


Соьлж-ГIалахь цIийнан 12-чу гIатт тIера чу а йоьжна, йоккха стаг Хакимова Байсет яларца доьзна айдина бехктакхаман дов дIакъовла сацам бина талламо. Амма бохам толлуш ца зийна, цомгуш яра я яцара и зуда, ца лебина цо лечу дийнахь телефонехула къамелаш дина нах, боху дов дуьззина талла юхахьажийначу прокуратуро.

Прессо бахарехь, мехкан шахьарахь машена кIел а нисъелла, елла Аьрга-Хишкара яхархо. Амма талламчаша иза бакъдац, аьлла дов дIакъовлуш.

Маршо Радионо дийцира хьалхо, Хакимова Байсет машена хьашна хилар къайладахьа гIерта Iедалхой, аьлла.

Тхоьгахь йолчу инйормацица, ши бутт хьалха нисбелла бохам "Минутка" олучу Соьлж-ГIалин декъехь. Сов чехка йогIу механа еза джип тIетоьхна йоккхачу стагна. Цул тIаьхьа цуьнан дакъа леккхачу цIенчу хьала а даьккхина, чукхоьссина, зуда шен бехкенна елла аьлла хетийта, чIагIдо тоьшалла дечара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG