ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шу ирхлелхахь, терроризмна бехкедийр ду"


Къилбаседа Кавказехь бозуш боцчу журналисташна тIеIаткъамбарх кхо истори

ТIаьххьарчу масех баттахь Къилбаседа Кавказехь кхоъ бехкзуламан гIуллакх долийна журналисташна дуьхьал: "Черновик" Дагестанехь арадолучу газетан "Религия" декъан редакторна Гаджиев Iабдулмуминна а, ГIебарта Балкхаройчуьрчу чергазийн "Хабзэ" юкъараллан организацин куьйгалхочунна а, журналистна-фрилансерна Кочесоко Мартинна а, МБХ медиа хьостан Краснодарерчу редакторна Савельев Александрна а.

Кхаанне а дуьхьал айдина гIуллакхаш политикан бух болуш ду, Къилбаседа Кавказехь дешан маьршо лакъо гIертачу Iедалхоша дуьхьалдаьхна аьлла, тешна бу бакъонашларъярхой.

Кхаа артиклца долийна гIуллакхаш. "Черновик" газета тIехь арайохучу материалашкахула, терроризмна ахча далийта агитаци лелийна боху Гаджиевс.

Цо яздеш хиллера, Оьрсийчоьно таIзаре ваккхале, Саситлинский Абу Iумаран гIоьналлин фондех лаьцна. И артиклаш зорбане евлла масех шо даьллачул тIаьхьа ду ницкъахоша Саситлинский бехкевина, цо ша гулдинчу ахчан цхьа дакъа "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна дIахьажийна аьлла.

Гаджиевс болх бина газета дIакъовла Iалашонца долийна гIуллакх ду аьлла хета хьостан белхахошна.

Журналистан Гаджиев Iабдулмуминан кхелехь
Журналистан Гаджиев Iабдулмуминан кхелехь

Иштта абсурде бу Кочесоко Мартине кховдийна бехк а. Делахь а, Гаджиев санна изоляторехь латтош вац иза, шен цIахь витина, дIасавалар а дихкина. Мангал-беттан 7-чохь цуьнан машен чохь наркотикаш карийна шайна боху полисхоша.

Юьхьанца ша бехке цахилар чIагIдора жигархочо, амма масех де даьлча, мукIарло дира, марихуана шен яра аьлла. ТIаьхьа Кочесокос дIахьедира, полисхоша бертаза тIелацийтинера шега бехк аьлла.

КхоалгIа - "МБХ медиа" хьостан Краснодарерчу журналистан Савельев Александран бехкзуламан гIуллакх.

Оьрсийчоьнан территори тIехь йихкинчу Iедалшца йоьзна йоцчу организацехь болх беш хилла иза бохуш, шеконашка эцна ву Савельев. Цуьнан адвокато Аванесян Алексейс "Кавказ.Реалии" портале дийцарца, цкъачунна дIасавалар дихкина дац цунна.

"Хьалхарчу инстанцин кхело бинчу сацамна латкъам бийр бу оха, цунна дуьхьал яьккхинчу артиклан хьокъехь. Талламчера хиъна тхуна цунах а. Ишта Савельевн хIусамах хьовса бакъо яларна а арз дийр ду оха", - аьлла адвокато.

Цензурица ца бо Iаткъам, артиклца бо

Хаамийн гIирсийн бакъонаш Iалашъечу Центран директоро Арапова Галинас, кху заманахь журналисташца лелош йолу репрессеш 90-чу шарахь хиллачу тIелатаршца юсту.

"90-чу шерашкахь доккхачу декъанна криминалан дуьненера кхерам лаьттара журналисташна, дуккха а нислора тIелатарш а, журналисташ байар а. Пачхьалкхан рол Iаламат пассиве яра, журналисташна дуьхьал доху зуламаш ца луьстура цара. Цара шаьш и зуламаш цалелор а дара доккха гIуллакх. ТIаккха йолийра пачхьалкхо прессана монополизаци еш кампани, хIунда аьлча, Iедална муьтIахь болчу зорбанчаша ца дуьйцура церан сакхтех, цундела Iедал карахь долчарна цаьргара цхьана а кепара кхерам бацара", - дуьйцу эксперто.

Регионерчу кхаа авторна тIелатар - кхераме тенденци ю аьлла хета журналистийн а, хаамийн гIирсийн а профсоюзан куьйгаллехь волчу Карлинер Антонна.

"Цензураца беш бац журналисташна Iаткъам: хьостанаш дIа ца къовлу, артиклаш а, материалаш а сайташ тIера дIа а ца йохуьйту, амма гIерта юкъараллехь а уьш аьшнаш бен болу бехкаш дахка, - аьлла Карлинера "Каваз.Реалии" порталца хиллачу къамелехь. – Гуш ма ду, журналистна дукха нах тIехIуьттуш хилар, амма кIезиг хуьлу стеган агIончаш, нагахь санна, цунна наркотикаш тийсинехь, йа терроризмца доьзна делахь цуьнга кхийдо бехкаш".

Гаджиевна а, Кочесокона а, Савельевна а дуьхьалдаьхна бехкаш бух боцуш ду боху Карлинера, ишта цо дийцарехь, церан гIуллакхан терго ледара мел ю, "аттачу болу пачхьалкхан репрессин болх".

"Журналистикаца доьзна доцу хIуманаш дуьхьал а дохуш, журналисташ бехкебеш цхьа тенденци ю. Цаьрга ала гIерта уьш: шу ирхлелхахь, терроризмна, йа наркотикаш юхкуш хилла аьлла, бехкедийр ду шу.

Делахь а, цхьана Къилбаседа Кавказехь хIара хIума ду аьлла ца хета суна, йоллу Оьрсийчохь лаьтташ ду-кх хIара хьал тIаьххьарчу хенахь", - аьлла, билгалдаьккхина Карлинера.

"Ма дарра аьлча, тIехь ницкъбар ду-кх хIара а, йоллу журналистийн юкъараллана кхерам тасар, хIоранца хила тарло цу тайпаниг бохуш санна. Бакъду, кхераме некъ бу иза, хIунда аьлча, цу кепарчу шогачу тIеIаткъамо оьгIазалла тосу церан белхан накъосташна. Масала, Галунов Иванан, Рудников Игоран, Гаджиев Iабдулмумминан гIуллакхашкахь санна", - аьлла, тIетоьхна Араповас.

Ситуаци Къилбаседа Кавказехь могIарера хилла ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхийолчу регионашкахь а хуьлуш хIума ду аьлла "Фонд защиты гласности" цIе йолчу фондан президенто Симонов Алексейс.

"Журналист протестхочух къасто ца хаар Москварчу Iедалхошна эхье ца хетарх, Кавказехь мел а атта ду иштта хIума", - аьлла, хета цунна.

"Ала йоIе -хаза несе бохург санна, кхечарна масална таIзарш дар даим а хилла ду. Цхьаболчу журналисташна таIзар дар, церан коллегашка дIахьедар деш санна тIеоьцура. Тахана Кавказехь йолчу дешан маршон хьал хIокху кхаа гIуллакхо гойту аьлла ца хета суна. Оцу маьIнехь аьлча, йоллу атмосфера вуно боьха ю, цундела ситуаци ма ярра гайта, цхьа лерина масалш дало оьшуш дац", - аьлла, дерзийна шен къамел Симоновс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG