Нохчийчохь зудий, майрий дIасакъаьсташ кхело ненаца диса кхачийна бер кхо шо хьалха. Амма иза а эцна, махкара ведда да.
Нохчийн пустоьпаш тIаьхьакхиина да шен кIантаца Челябинск махкахь вехаш хиларна, цара цигарчу шайн коллегийн гIоьнца схьалехна и шиъ.
"Беран синкхетамна чов ца хуьлуш, бирзина барам. Юхьанца дас аьттехьа а ца дуьтура кIант нене дIавалар, делахь а иза кхетийна нийса муха хила деза", - аьлла бовзуьйту "Знак.ком" интернет-хьасто Челябинскерчу пурстоьпийн хьукматан хаам.
Iедалан меттигерчу белхахошна а, пурстоьпашна а хьалха, дас нене дIа а велла, Нохчийчу юхавалийна кIант.