ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1 сом даккха воллу журналистера кхелехула ХIирийчоьнан депутат


Сугарова Элина кхела хьалха
Сугарова Элина кхела хьалха

Журналиста Сугарова Элинас, ша къаьркъа дохкарх долу низам дохийна аьлла, доцург яздина, юьхьIаьржа хIоттийна, шена цуьнгара хилла эшам меттахIотто 1 сом оьшу, аьлла, кхеле арздина мехкан парламентан депутато Кочиев Роберта.

Юхьанца цо 1 миллион сом доьхура журналистера кхелехула. Делахь а, "цунна шен дагна хьу йинчу адамера ахча даккхар дац коьртаниг, шен сий лардар ду", аьлла Кочиевн адвокато. Цул тIаьхьа дIаяьккхина депутато ша тIедожочу ахчан барамна тIехьара 6 "горгалг", декхар соьме охьадоккхуш.

Шина довхочунна юкъахь машар балур бу бохург дуьйцуш а дац. Кхелехь девнан рогIера ладегIарш хир ду кIира даьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG