ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополехь вице-премьер лаьттинарг лаьцна Испанехь


Ставрополан махкахь экономика кхиоран министр Мурга Андрей лаьцна Испанерчу полицино Оьрсийчоьнан дехарца.

"Цунна экстрадици ян кечлуш бу Испанера низамхой. Ставрополера схьа ма кхаччийнехь, шина баттана лоцур ву иза юьхьанца", яздо NewsTracker хьасто шен Къилбаседа Кавказан Таламан комитетан урхаллерчу хьасташна тIе а тевжаш.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" дийцина ма-хиллара, боккхачу барамехь къоланаш дарна дуьненаюкъарчу лехаме велла вара Мурга.

Талламчаша бахарехь, махкахь кхиийначу рицкъанна реклама ен сайт кхуллу кеп а хIоттош, ахча доладерзийначийн декъахь ву Мурга. Иза лаца кхайкхийра биъ бутт хьалха.

XS
SM
MD
LG