Астраханера кхел листина яьлла Хасу-Юьртарчу вахархочо 78 шо кхаьчна къена таксист верах долу дов.
Стохка гурахь Астраханерчу футболан "Звезда" ("Седа") клубе шина баттана хаарш шардан вахийтинчу 23 шо долчу дагестанхочо ша ГIалмакхойчуьрчу Комсомольски юьрта вига аьлла хилла таксисте.
Талламо бахарехь, Астрахан-махках чекхйолуш, есачу аренан новкъа яьлла машен, цигахь масситтаза урс тоьхна вийна дагестанхочо къано, дIакхоьсссина дакъа эрзашна юкъа, дIавахана машен шен дола а ерзийна.
Астраханерчу талламчаша гулдина тоьшаллаш дуьззина ду, боху кхело – тоьхна набахтехь яккха 17 шо хан.
"Ша машена чухуъушехь Iалашо хилла цуьнан ша динарг дан. Долаберзийна бахам бу 288 эзар соьмана – доккхачу декъанна, машенан мах, тъка къаночуьнгахь ца хилла 15 эзар сом бен, - элира "Кавказ.Реалиига" Астраханерчу Талламан комитетан декъан векало.
Ша воккха стаг "дов иккхинчохь вийна", баьхна футболхочо талламчашка юьхьанца.
Бехкевинчун адвокаташа, я гергарчара йина комментареш яц "Кавказ.Реалиигахь"