ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцольгов: "Iедалера нах дехьа-сехьа кхийсар бен дац хIара"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:44 0:00
Линкана тIе

Евкуров Юнус-Бек урхаллехь волчу шерашкахь дIахIиттийна хилла хьаькамаш тIаьхьий-хьалхий даржаш охьадахка буьйлабелла. ГIалгIайчоьнан ханна куьйгалле Калиматов Махьмуд-Iела веанчу цхьана беттачохь пхеа хьаькамо дитина шайгара гIанташ.

Хьалхо Калиматовс мукъаваьккхира Евкуров Юнус-Бекан хилла ворхI хьехамча. Вара дIабаьхначарлахь Оьрсийчоьнан президентан администрацехь ГIалгIайчоьнан цIарах векал лаьттина Цечоев Алихан а. Евкуровца цхьана Оьрсийчоьнан тIеман министарлле дехьаваьлла иза. Ткъа цуьнан метта дIахIоттийна Бузуртанов Адам.

Оццу муьрехь даржера вохийра дешаран министр Костоев Юсуп а. Угурчиева ПатIимат ю карарчу хенахь дешаран урхаллехь.

Финансийн министраллера мукъаваьккхира Оздоев Бекхан, цуьнан метта хIоттийна Халухаев Багаудин.

Шен меттигах вохийна премьер-министран бахаман-коммуналан а, гIишлошъяран а сферехула хьалхарчу гIовсан декхарш кхочушдеш хилла Оздоев Багаудин.

2015-чу шарахь дуьйна ГIалгIайчоьнан кхерамзаллан Кхеташонан секретарь лаьттинчу Дзейтов Ахьмада а дитина шегара дарж.

Таханалерачу дийнахь гIалгIайн премьер-министран Евлоев Зялимханан кхаа гIовсех цхьаъ ханна декхарш кхочушдан витина.

Иштта хьал ду министрашлахь а: шийттаннах пхиъ ву ханна декхарш кхочушдечийн статусехь.

ГIалгIайчоьнан куьйгаллехь хилла ца Iа хийцамаш. Керла муфтий харжар керла куьйгалхо варца доьзна дацахь а, масийтта шерашкахь Евкуров Юнус-Бекца конфликтехь лаьттинчу Хамхоев Iийсас, шен агIончаш цец а бохуш, охьадиллира шегара урхалла. Муфтиятехь къеда хиллачу Мартазанов Iабудурахьманан кара делира динан куьйгалла дар.

Юкъараллехь дийцарца, ца ваьллачу денна яьккхина гIулч ю иза, Москвано тIеIаткъам а бина.

Ткъа хIинца а къастаза ю ГIалгIайчоьнан шахьаран Магасан мэран Цечоев Бесланан ситуаци. Цхьайолчу телеграм-каналийн информацица, дIавала дагахь ву иза а.

ГIалгIайн бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочунна Муцольгов Мохьмадна хетарехь, хьаькамаш дIабаьхна а ца Iаш, цара куьйгаллехь болчу хенахь шайн декхарш муха кхочушдина хьожуш, талламаш бан безара цо.

Шел хьалха хиллачу урхалхоша лелийннарг ду Калиматовс арадаьккхинарг а – "Iедалехь Iен марзбелла нах даржашкахь дехьа-сехьа бахар ду". Цуьнан шен команда яц, цундела республикера хьал бухера дуьйна хийца ницкъ ца тоьа цуьнан боху Муцольговс.

Уггар а хьалха Калиматовс дIахьедар дан дезара, Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векало Матовников Александра шена тIеIаткъамбо аьлла, боху Муцольговс. ШолгIа – маьрша харжамаш дIакхайкхон безара, ша халкъаца цхьана вуй хаийта. Цул тIаьхьа дукхахболу бахархой тIаьхьахIуьттур бара цунна.

КхолгIа аьлча, республикан дозанех йолу шен позици йовзийта дезара, дерриг а низамехь хила дезар билгалдоккхуш.

Калиматовн гонехь Нохчийчоьнан дозанашца долу хаттар кхи хьехон а ца оьшуш, дийцина даьлла хета. Ткъа лецна латточу гIалгIайн жигархойх аьлча, мехкан куьйгалхочун декхарш ханна кхочушден Калиматов юкъа ца гIерташ Iа, йа луш яц цо официалехь оцу хьокъехь комментари а.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Мангал-беттан 26-чохь куьгъяздира, 2008-чу шарера схьа дуьйна республикан урхаллехь лаьттинчу 55 шо долчу Евкуров Юнус-Бека дарж охьадуьллуш чуделлачу дIахьедарна. ТIаьххьарчу шерашкахь Самарскан кIоштахь Росприроднадзоран куьйгалхочун болх бина 60 шо долу Калиматов Махьмуд-Iела хIоттийра Евкуровн метта декхарш ханна кхочушдан.

Цхьана хенахь ГIалгIайчоьнан прокуратуран урхаллехь лаьттина а ву Калиматов, цундела республикера ситуаци дика евзаш ву иза.

Регионан куьйгалхо хоржуш дуьххьал харжамаш дIахьур бац республикехь. Меттигерчу парламентан депутаташа Гезгамашин-беттан 8-чохь "хоржур ву", Оьрсийчоьнан президенто чубеллачу кандидаташлахь куьйгалхо.

Нохчийн маттаца юкъаметтигаш муха ю шун?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG