ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шегара даьллачунна дохковолу зама


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана имам Шемалх динчу дIахьедаро дуккха а резабоцурш гучубаьхна

"Чечня Сегодня" агенталлана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана елла интервью бахьана долуш шолгIа кIира а ду социалан машанашкахь жигараллица дийцарш ден. 19-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнца къийсам латтийна имам Шемал емалвинера Кадыров Рамзана.

Оцу истрори юкъа хьакхавелла гоьваьлла оьрсийн журналист Шевченко Максим а. YouTube каналерчу шен агIон тIехь дIахьочу эфирехь Шевченкос дIахьединера, имам Шемала Къилбаседа Кавказехь дакъалацарх иккхинчу девнехь Кадыров юхаваьлла аьлла. Кадыровн гонехь мехкан куьйгалхо аьшнашвар санна тидира журналистан дешнаш.

"Еххачу заманчохь соьца дикачу юкъаметтигашкахь волчу Даудов Мохьмада телефон туьйхира соьга, ас аьлла дешнаш дегабаам бан тарлучу кепехь дуй хоуьйтуш. Со-м кийча ву айса аьлларг духаэца", элира тIаьхьо Шевченкос.

Дагестанан муфтиятерчу Iелмачаша, политикаша, юкъаралхоша шайна-шайна хетарг дIахьедора Кадыровс имам Шемалх аьллачунна дуьхьал.

Юьстах ца Iийра гоьбевлла спортхой а, имамна тIехIуьттура уьш а цхьана. Масала, Нурмагомедов Хьабиба яздира шен инстаграмерчу пена тIехь: "Цкъацкъа эхь хета суна, хIунда аьлча, со гена ву имам Шемалх тера хила" аьлла.

Кхиболчу спортхоша а йовзийтира, Нурмагомедовца цхьана йогIу шайн дог-ойланаш. Бара царлахь Ахмедов Омари, Махачев Ислам, Хабилов Рустам, Самедов Забит, Нурмагомедов Iумар а. Цара лору турпалхо харцвинчо цхьана хенахь тIеозийна бу, и боллу бохург санна, спортхой. Цара массара а цхьабоса дIакхайкхийра, Шемал турпалхо ву аьлла, амма бехк ца баьккхира шегара Кадыровгара.

Ша аьллачунна реза мел воцург Соьлжа-гIала вола, цигахь къастор ду вай элира Кадыровс: "Нагахь санна, соьга претензеш шун елахь, со кхузахь ву, Соьлжа-гIалахь. Кхуза а дуьйлий, схьахаийта шаьш стенна реза дац", - аьлла, дIахьедира нохчийн куьйгалхочо дIаязйинчу видео тIехь.

Ишта цо дийцира, шена хетарехь, стенца ю проблема. И проблема гIаьттира боху цо, 1990-чу шарахь Ботлихан а, Цумадинан а кIошташка нохчийн тIемалой чугIортар Махачкалахь "даздан" гIоьртича.

Кадыров тешна ву, Дагестанера салафиташ бара чубахнарш, коьртехь Кебедов Багаудин а волуш, аьлла. Кадыровн уллора накъост, парламентан спикер Даудов Мохьмад а тIетов Кадыровс бохучунна. 1990-чу шеран Марсхьокху-баттахь Дагестанна тIелеттарш нохчий бацара, герзах йоьттина, цхьана ханна Нохчийчохь дIатаръелла, дагестанхойн жаммаIатан тобанаш яра аьлла цо.

Делахь а, луларчу республикехь тидам тIеоьзнарг дара имам Шемал хьахор, дагестанхойн радикалаш бара царна чубахнарш бохург, тIехтосуш.

Шен хьаькаман агIо лаца гIоьртира Нохчийчоьнан зорбан министр Умаров Джамбулат а. Инстаграмехь зорабне яьккхинчу видео тIехь цо бехк баьккхира дагестанхошка, аш шаьш а масийттазза ма хийцира имам Шемалх лаьцна болу шайн хьажам аьлла.

Кадыровна орцахвелира кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан куьйгалхо Ибрагимов Iийса а.

"Вайна массеран а, муьлххачу къомах делахь а, къонахалла а, собар а, эхь-бехк а, хьекъал а тоа деза, Рамзан Ахматович бакъ хиларна къера хила", - аьлла, дIахьедира цо.

Иштта, кху заманан Нохчийчохь лелаш ма хиллара, биссинчара а гIо даьккхира Кадыровгахьа: "Тхайниг бакъ ву, шу харц ду, "Ахмат сила" а аьлла.

Гуьржийн Рондели Фондан талламчана Квахадзе Александрна хетарехь, Кадыровн дIахьедарх дагестанхоша йинчу реакцин ши компонент.

Хьалхарниг – Дагестанан исторехь имам Шемала йитина йоккха лар. Дагестанерчу бахархошна Шемал уггар а мехала хетачу турпалхойх ву, цундела ишта лазаме дара царна, 19-чу бIешерашкарчу оьрсийн-кавказхойн тIеман исторехь ревизи ян гIортар.

ШолгIа, эксперта динчу хьесапехь, дозанашкарчу латтанех гIаьттинчу хаттаро а эргIадбахийтина бу дагестанхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG