ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс - ша резавоцучаьрга: "шайтIанаш, гезарий, йилбазаш"


"ШайтIанаш, гезарий, йилбазаш". Иштта аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша Шемал-имамах лаьцна дийцинчунна резабоцчу нахах.

Ша Имамах лаьцна аьлларг лачдаьккхина мостагIаша, дIахьедина цо.

"Хьажахь, муха раздаьккхина ас дийцинарг – къам доьхкинарш, шайтIанаш, гезарий, чIинтан турпалш ("кнопочные герои"), йилбазаш – ас ишта олу-кх царех", - бохура Кадыровс, ша Кавказан тIеман куьйгалхочух Шемалх лаьцна аьлларг новкъадеъначу наха дуьйцург луьстуш Дагестанерчу журналисте Курбанов Руслане.

Ша дийцинарг, мостагIий жоьпе боьхуш, маьттаза мотт лебечу чIинтан турпалшка дийцинера, ца дийцинера дагестанхошка, билгалдаьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

"Бусалба бац уьш, я Шемал-иманан тIаьхьенах а бац, ах-берзина лелалчу зударшца даьхна суьрташ шайн агIонашна тIе а детташ ", - бохура Кадыровс.

Хьалхо цо, ша "Чечня сегодня" ("Нохчийчоь тахана") агенталлина интервью луш емалвинера 19-чу бIешарахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а тIеман лидер лаьттина Шемал-имам.

Дагестанхошна, ур-атталла Кадыровца юкъарло лелочарна а тIехь, ца тайна цуьнан къамел – социалаш машанашкахула дукха наха бехкбиллина. Интервью араяьлла де даьлча, ша дийцинарг нийса ца довзийтина, аьлла, журналист бехкейира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG