ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо а вилхинчул тIаьхьа нана яьлла Iайшин


Дейишас тIехь Iазап латтийначул тIаьхьа дарбан цIеношкахула лелочу ГIалгIайчуьрчу 7 шо долчу Ажигова Iайшин нанна доладан лаьа шен йоьIан, хаамбина берийн омбудсмено Чахкиева Заремас.

РИА "Новости" агенталле Чахкиевас иштта дуьйцу нана Москох яр:

"Адвокатца цхьаьна еара нана со йолчу, шена йоI дIайига лаьа, аьлла, боху соьга, шаьш Москох догIуш билеташна доьхкина ахча охьадилла. Со хьуна декхаре яц, эли ас. Кхин хир дара, цо юхьанца дуьйна, ян а еана, со нана ю, соьгара ницкъаша бер дIадаьккхина, аьлла, йистхиллехь. Ткъа хIинца дац къамел, чекхдаьлла. ХIинццалц стенгахь яра иза?"

Чахкиевас, шена кхерамаш туьйсура, боху, баьхкинчу зударша, ткъа цо хадийна цаьрца шен хилла къамел.

Дагадаийта догIу, байначу беттан 4-чу дийнахь кхачийра дегIа тIехь ягийна, межеш кегйина, шира чевнаш йолу йоI. Де даьлча Москох йигира иза. Цигахь деношкахь куьг дIадаьккхина цуьнан.

Беран дейиша Ганиева Макка бехкейо талламо вешин беран могашаллина зен дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG