ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чурка": рок-седа Бэнкс Азалия Iехийна Оьрсийчохь


Iаьржа чкъор долчу Iамеркарчу рок-лакхархочо Бэнкс Азалияс шен "Инстаграмехь" гайтина "чурка" тIеяздина доца пхьош долу коч.

Суьрта буха цо яздина оьрсийн маттахь: "Москва яхана йолуш суна керла дош девзина – "чурка". Суна и дош чIогIа хазахийтира, дог ирахIоттадо цо, соьга арахь цхьамма "чурка" аьлча, сайх массо а кхоьруш йолу, тоьлла йоI хир йолуш санна хета суна, вайн "чика!" санна, хаза, самукъане, майра йоI – цIеран суй!

Амма боху йоIе комментареш ечара: и дош хьо сийсазъеш яздина хьуна.

Шен ник dakinghilton йолчу машанерчу цхьана йозанхочо боху, йоI нийса ца кхетта оцу дашах: "Оьрсех терабоцу Юккъерчу Азера а, Къилбаседа Кавказера а нах сийсазбеш олуш ма ду иза!"

Делахь а массо а ца тешна Оьрсийчохь "чурка" дешан ирча маьIна дуйла Бэнкс Азалияна ца хаьа бохучух. Дукха наха боху цуьнга баркалла "хаза бегаш барна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG