ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бионикан протез юьллур ю куьг доцуш йисинчу Iайшина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Москох медикийн сацамца аьтту куьг дIадаьккхинчу ГIалгIайчуьрчу 7 шо долчу Iайшина биоэлектрикан протез йийр ю.

Дилхан басахь, межех тарйина, хIума хьалаэца, охьайилла таро луш хир ю протез, аьлла беранна гIодан лаам болчу ГIалгIайчоьнан сенатора Хамчиев Билана.

Байначу беттан 4-чу дийнахь кхачийра дегIа тIехь ягийна, межеш кегйина, шира чевнаш йолу йоI. Де даьлча Москох йигира иза. Цигахь деношкахь куьг дIадаьккхина цуьнан.

Беран дейиша Ганиева Макка бехкейо талламо вешин беран могашаллина зен дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG