ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза хIоттош гIалгIайн парламенто ца талхийна низам, боху кхело


Магасехь
Магасехь

ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело харцдина, мехкан парламенто низам талхийна Нохчийчоьнца дозакъастор тIечIагIдеш, аьлла, ялх депутато чуделла дехар.

Хьалхо Магасерчу кхело бинера ишта сацам, ткъа иза нийса бина, юхабоккхийла дац, боху хIинца Лакхарчу кхело.

Шина махкана юкъара доза къастош хIоттийна документ кхоже доккху процедура кеп а йохош дIаяьхьина парламенто, аьлла дара депутатийн арз. Охан-беттан 2-чу дийнахь хилира хьалхара кхел Магасехь, амма цо харцдира арз. Цул тIаьхьа бевллера депутаташ шайн мехкан Лакхарчу кхеле.

Кхин а лакха хьаладала дагахь бу депутаташ шайн арз.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG