ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калиматов Махьмуд-Iелас хьаькам вина шен гаргарчух


ГIалгIайчоьнах ханна жоп лучу Калиматов Махьмуд-Iелас шен уллера гергара стаг Илезов Михаил хIоттийна шен хьехамчин-гIоьнчин дарже, хаамбо Телегармерчу СКФО Telegraph канало.

Илезовс хIинццалц белхаш бина ГIалгIайчоьнан Iедалан аппаратан куьйгаллехь, индустрин, транспортан, зIенан, энергетикан урхаллин коьртехь.

Карарчу хенахь иза болхбеш вара Калиматов Махьмуд-Iелин вашас Мохьмад-Бешара куйгалла дечу мехкан почтин урхаллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG