ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паьнгазахь ницкъхоша вийначу кIентан дас-нанас талламан комисси кхолларе сатуьйсу


Мачаликашвили Малхаз

Паьнгазахь 2017-чу шарахь лерина операци дIахьош Iедалхоша шайн кIант Мачаликашвили Тимерлан вер говзанчийн комисси а кхоллина, таллийтар доьху дас а, нанас а, церан гергарчара а Гуьржийчоьне.

19 шо долу кIант вер муха нисделла зер доьхуш хIоттийначу петицина буха куьйгаш лехьо долийна махкахь пIераскана.

Да-нана, Мачаликашвили Малхаз а, Маргошвили Медико а, дагахь ду кехатна буха куьйгаш ерриг а Гуьржийчохь гулдан. Юьхь йолийна цара Батуми гIалахь, хаам бина пачхьалкхерчу "Рустави- 2" канало, яздо "Эхо Кавказа" хьасто.

Карарчу муьрехь Батумерчу Абатан БIаьвнехь петицина буха нахера куьйгаш лехьош лаьтта нохчий МачаликишвилигIар.

"Суна кхета лаьа, стенна вийна Темирлан, цуьнан бахьана хIун дара. Iедална тхоьга дерриг а дицдайта лаьа, ца тов оха хилларг дуьйцуш. Кху хьелашкахь со ца волу нахе гIо ца дехча", - боху Мачаликашвили Малхаза.

100 эзар стаге петицина буха куьг яздайта дагахь бу протестхой кху аьхка. Цул тIаьхьа дехар дIакхачор ду Гуьржийчоьнан парламенте, цуьнан сесси йолаялале.

Мачаликашвили Темирлан вер талла комисси кхолла еза, аьлла, кхо бутт гергга хьалха дIахьедира парламентерчу "Европера Гуьржийчоь", "Къоман болам" цIе йолчу оппозицин фракцеша, амма чекх ца белира церан лаам.

Масситта бутт бу вийначун гергарчара Тбилисехь, парламентан цIенна хьалха резадацаран акцеш дIакхоьхьу.

XS
SM
MD
LG