ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ХIара Шемал – оьрси ву, ткъа важа Шемал - нохчо"


Имам Шемал а, Басаев Шемал а
Имам Шемал а, Басаев Шемал а

Бусулбачийн пачхьалкхашкахь виц ца велла Кавказан тIеман турпалхо, дагахь лаьтта йийсаре лацар а. Имам Шемала 19-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал къийсам латторах баккхий къийсамаш лаьтта Кавказерчу бахархошна юкъахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIадолийна дац и дов, цо юхакарладаьккхина, догIуш доцчу шен ираллица а, хатI дацарца а динчу дIахьедарца.

Ткъа мел гоьваьлла ву Шемал Кавказал а арахьа йолчу бусулба пачхьалкхашкахь? Муха хадабо цигахь цуьнан мах? Емалвой-те оьрсийн каравахарна?

Вевзий-те Iарбошна имам Шемал, дуьйцу вайна Google системано. Нагахь санна, ахь информаци лохучу могIарехь "имам Шемал" аьлла, ши дош яздахь, цо хьуна схьало: "Имам Шемал аль-Дагестани", "Имам Шемал Басаев", "Имам Шемал Кавказан борз". Имам Шемалх информаци оцу дешнашца лоьху Iарбошша.

Iарбоша Гуглехула имам Шемалх хаамаш лехар
Iарбоша Гуглехула имам Шемалх хаамаш лехар

​ДIа ладоьгIча, ши Шемал вовшах къаста ца луш хилла Iарбошка, 1999- чу а, 2000-чу а шерашкахь Басаев имам хилла воцушшехь. СаIудерчу кху кхиазхочо YouTube каналехь дуьйцу, хIун башхалла ю цу шина Шемална юкъахь: "Имам Шемал аль-Дагестанина а, Басаев Шемална юкъара башхалла ишта ю: хIара оьрси ву, ткъа важа - нохчо".

Доццачу шен дийцарехь жимчу стага дуьйцу "оьрсийн" Шемал "Севетан Iедалца Кавказ къуьйсуш, тIемаш бина ву", ткъа иза каравахна, шен мостагIчун эскарехь миллионашкахь нах хиларна. Цул тIаьхьа Мекка а, Медине а зиярате вахийта ша аьлла, дехар дина хилла цо, цигахь кхалхар а нисделла цуьнан бохуш.

Имам Шемалх информаци оьцу Iарбоша жайнаш юкъара. Доккхачу декъанна, цунах лаьцна ду, саIудийн исламан Iилманчан, докторан Муса аль-Шариф Мухьаммада "Сийлахь хилла, бицбинарш" аьлла, арахецначу книги тIера цхьа дакъа.

Оцу жайни тIехь, шен къомана тIехь гIело ца яйта, оьрсашна дуьхьал говза тIом бина волу динан тIемало аьлла, билгалваьккхина ву имам Шемал. Шемал йийсаре вахарна а бехк ца буьллу цара, мостагIчун ницкъаш совхиларна.

Имам Шемалх книга арахецна Iилманча Мухаммад аль-Шариф
Имам Шемалх книга арахецна Iилманча Мухаммад аль-Шариф

"Иза каравахаран коьрта бахьана ду, - цхьа могIа Дагестанан а, чергазийн а эмираш ямартбовлар", - бохуш, кхето гIерта саIудийн Iилманча, книгин автор.

Iарбойн электронан зорбанашкахь наггахь бен гучу ца юьйлу ламанхойн имамах артиклаш, дукха хьолахь исламхойн сайташ тIехь еша таро хуьлу.

Кеп-кепарчу блогерша шайн агIонашкахь йовзуьйту имаман биографи. Цара массара а бохург санна хьехадо, гIеметтахIоьттина имам ца ваьллачу денна караваха декхаре винчу 40 эзар салтех лаьтташ хиллачу оьрсийн эскарх.

"Исламан диаспоран бере" аьлла, Шемална лерина ю Мисаран "Хорошая жизнь" телеканало арахецна программа. Журналисто дуьйцу, "Къилбаседа Кавказан къаьмнаш оьрсийн коммунисташа муха хIаллакдора", мича бахьанашца цаторийла хIоьттира цигахь деха къаьмнаш жихIадна вовшахтоха.

Интересе ду, имаман биографехь нохчийн дакъа цагайтар.

Iарбойн Википедин версех пайда а оьцуш, публикацешкахь авторша Шемал дагестанхойн имам вара боху. Хьахош дац Дагестанерчу Гимры эвлара схьаваьалла Шемал Дагестанан а, Нохчийчоьнан а имам нохчаша Нохчийчохь дIакхайкхийна хиларх а, имаматан шахьар Веданахь хиларх а, шен дахарехь йоккхах йолу хан Шемала цигахь тIемаш беш дIаяьхьна хиларх а.

Имам Шемалх мульфильмаш

2012-чу шарахь вийца ваьккхира Шемал, цунах лаьцна мультфильм арахецначул тIаьхьа. Оцу аннимацин кино чохь хезира шайна дуьххьара цунах лаьна, къаро йо цхьаболчу блогерша.

"Имам Шемал - Кавказан Леча" цIе йолу фильм туркойн режиссеро Бал Орхана кечйина ю. Iарбойн маттахь яржийра иза дукхахдерг, оцу бух тIехь оьрсийн матте гочйина а ю.

Ала догIу, саIудийн "Аль-Зад" студехь шайггара тIедетташ, жимма хийцамаш бина цу мультфильмехь. Масала, йолалучу юьххьехь, Кавказан географех дуьйцуш, Делах тешаш боцчу нахана дуьхъал тIаме бечу кхайкхамашкахь а хийцамаш бина.

​1830-чу шерашкахь хиллачу хиламех дуьйцу мультфильмехь (инарла Ермолов Александр цу хенахь юкъарваьлла хуьлу). 1832-чу шарахь Гимры эвлахь бинчу тIамтIера доладо дерриг а, имам ГIеза-Мохьмад вийначул тIаьхьа. Чевнаш йина Шемал цхьана меттиге кхочу, цигахь гуш хуьлу вайнехан бIаьвнаш, угIуш берзалой. Ткъа ма-дарра аьлча, чевнаш ерзо нохчий болчу вахна Шемал 1839-чу шарахь Ахульгохь тIемаш бирзича.

Цигара юхавирзича хIутту иза имам. Оцу заманчохь оьрсийн салташа ягайо ярташ: "Байа беза массо а, оьрсаша цхьаннах а къинхетам ма ца бо. Лойла массо а бусулбанаш!", - бохуш, маьхьарий а детташ.

Масех шо даьллачул тIаьхьа нохашна тIе а воьдий, кхайкхамбо Шемала, тIегIертачу оьрсийн эскаршна дуьхьал гIатта бохуш.

"ХIай, Делан тIемалой, Нохчийчоьнан кIентий, адыгаш, кхарачой, хIирий! ХIай, Дагестанан кIентий, гIумкий, Кавказан мохк, шун доьзалш, зударий хьоьжуш бу, аш шаьш паргIатдахаре", - бохуш.

Мультфильм йоьрзу оьрсий эшочу тIамца, цул тIаьхьа паччахьан эпсаро дIахьедо: "Имам Шемал борз ю. ХIан-хIа, Кавказан Леча ду иза, и бакъхиларна къера ву со" олий.

Туркойн аниматорша дехкина мультфильм чохь дакъалоцучу турпалхойн суьрташ. Церан яххьашца а гуш ду, хьаьнгахьа бу уьш: оьздачу аматашкахь, тайначу догIмашкахь гойту кавказхой, ткъа реза боцуш, кхоьлина яххьашкахь бехкина оьрсийн салтий.

Туркоша яьккхинчу мультфильмехь гайтина яххьаш
Туркоша яьккхинчу мультфильмехь гайтина яххьаш

Ала догIу, туркойн юкъараллехь имам Шемал мел а гергара лору, Iарбойн пачхьалкхашкахьчул а.

Меттигерчу хаамийн гIирсаша шуьйра артиклаш зорбане ехира кху шарахь, имам Шемал велла 148 шо кхачарна лерина.

Хила тарло и жигаралла Туркойчохь кавказхой йоккха диаспора дIатаръелла хиларца а, ткъа церан дедайша Шемалца цхьана тIемаш бина оьрсийн паччахьан эскаршна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG