ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу репрессешна дуьхьалдала деза халкъ, боху политологаша


Вевзаш волчу 21 Оьрсийчуьрчу политолого дIахьедар даржийна пачхьалкхо протестан митингашка лелачу наханна еш лаьттачу гIелонан хьокъехь.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето Москох а, Екатеринбургехь а, кхечу гIаланашкахь а хIуьтту протестан гуламаш хьешарца талхайо адамийн бакъонаш, боьхку бахархошна уьш Iалашъян бисина некъаш, боху "Эхо Москвы" радионо довзуьйтучу оцу дIахьедаро.

Маьрша, карахь герз доцуш адамашна гулдала Дуьненан конвенцино еллачу бакъонах пайдаэцар бахархошна административан кодексца окху Iедало, оцу тIера долийна нехан бакъонаш хьешар, яздо политологаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG