ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Критика ловш бу ши конгрессвумен махка ца йита Израило бина сацам


Президент Трамп Донлад а, конгрессвумен Омар ИлхIан а, Тлаиб Рашид а, премьер НетаньяхIу Беньямин а (аьрру агIорхьара аьтту агIорхьа)

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:44 0:00
Линкана тIе

Низамашдахархоша а, президентан харжамийн кандидаташа а, Израилехьарчу лоббино а цхьаьна емал бина НетаньяхIун сацам.

Iамеркин Конгрессан ши декъашхо шайн махка чу ца йита Израило бинчу сацамна луьра критика еш ю Iамеркехь дуккха а нах, шайна юкъах президентан харжамашкахь дакъалоцуш болу кандидаташ а, Демократин партин цIарх лаккхарчу даржашкара конгрессменаш а, Iаткъаме йолу Iамеркин а, Израилан а юкъараллин уьйрашца йолу комитет а (AIPAC) йолуш. Цунах лаьцна яздо "Iамеркан аз" портало.

ЦхьамогIа вовшахтохараллаша, шен коьртехь AIPAC а йолуш емал бина Израилан премьеро НетаньяхIу Биньямина бина сацам, иза даре кхойкхуш вара Iамеркан президент Трамп Дональд.

Конгрессан декъашхошна Омар ИльхIанан а, Тлаиб Рашидан а позицина реза бацахь а AIPAC юкъараллан декъашхой хеташ бу "хIора Конгрессан декъашхочун аьтто хила беза аьлла ваха а, шен бIаьргашна шайн демократин бартхо Израиль ган а".

Сенатера а, Векалаллийн чоьнера а 70 сов демократо гуш-хезаш емал бина Израило бина сацам. Дукхахаболчу республикан партин векалшна ца лиина хIоьттинчу хьолана комментари ян.

Сенатехь кIезиг болчу демократийн лидеро Израилан тешаме агIонча волчу Шумер Чака дIахьедар дина, Iамеркан а, Израилан а юкъаметтагашна зен бен кхин хIума дийр доцу и сацам ледаралла гайтар ду аьлла.

Векалаллийн чоьнан спикеро, ша а маситтоза Омарца а, Тлаибца а, и шиъ Израилна а, жуьгташна а дуьхьал дIахьедарш деш ю бохуш къовсаме йийлинчу, Пелоси Нэнсис дIахьедар дина и дехкар "Израилехь хьакъ долуш хӀума дац" аьлла.

Израиле яха дагахь хиллачу Конгрессан шина декъашхочунна иза дихкаина цу пачхьалкхан куьйгалхочо, Трампа шен "Твиттерехь", и шиъ махка чуйитар инзаре йоккха ледаралла гайтар хир дара Израило аьлла, яздинчул тIаьхьа. И бахьана долуш, НетаньяхIус шен сацам бина аьлла шеко кхоллаелла, Трампа куьг а ластийна.

И шеко бух болуш хилар гайтина Израилан Вашингтонехь векал хиллачу Аялон Дэннис "Твиттерехь" шайн Iедало "нийса сацам бина Трампа делла хьехар тидаме оьцуш" яздаро.

"Цара дийцинарг эхь долуш дара, суна ца хаьа хIун аьлла буьтур бара уьш Израило шайн махка. Амма нагахь шайна и шиъ чуйита царна лаахь, иза дан мегар ду", - аьлла Трампа, Тлаиб а, Омар а Израиле яха дагахь хилар дагалаьцна.

Ша Трампа дIахьедарш до сацам бинарг ша Израил яра бохуш.

Омар Сомалера мухIажир ю, ткъа Тлаиб ю Палестинерчу эмигрантийн йоI. Конгрессехь цу шинна критика еш бара коллегаш, Израиль бахьана долуш.

Амма еарийн дийнахь уьш хIиттира царна тIе, цхьа а шеко йоцуш дуьхьалбевлла Израило дIакхайкхийначу, Омара "кхераме" аьлла цIе тоьхначу дехкарна. Маситта конгрессхочо шаьш саготта хилар хаийтина Трампа ламастан дипломатин протоколах юхаваьлла хиларна.

Царна хетарехь, иза юкъагIортаро херо кхуллур ю дукхахенахь дуьйна хиллачу бертахойн, Конгрессехь шина а партино Израилна гIортор яр галдоккхуш.

"Трампан администрацино гIалат далийтина, Израиле и шиъ чу ма йита аьлла кхайкхам барца", - тешна ю Республикан партин цIарх сенатор йолу Коллинз Сьюзан. Иза ю Трампа лелийнарг гуш-хезаш емалдинчу кIеззиг болчу республиканхойх цхьаъ.

Шайна хетарг довзийтина цхьаболчу Демократин партин цIарх президентан харжамашкахь дакъалоцуш болчу кандидаташа а, шайна юкъахь НетаньяхIун сацам а, Трамп кхечу пачхьалкхан гIуллакхашна юкъагIертар а емал дина вице-президент хилла Байден Джо а волуш.

Герз тоьхна стаг верах ялочу версех теший шу?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG