ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс секторшка екъна Нохчийчоь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана муниципалитеташна тIехьажархой къастийна шен гонера. КIоштийн социалан-бахамаллин боларх, кхиамех жоп лур ду 8 сектарна тIехIоттийначу хIора куьйгалхочо.

Мехкан коьрта шахьар Соьлж-ГIала а, Соьлж-ГIалин кIошт а тергалйийр ю ша Кадыровс.

Парламентан спикере Даудов Мохьмаде елла Куьршалан а, Шелан а кIошташ.

Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIоштех жоп лур ду Кадыровн хьехамчас, Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.

Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин буьйранчина Делимханов Шарипна тешийна Невран кIошт а, Теркайист а.

Экономикан а, кхерамзаллин а кхеташонан секретарна Усмаев Вахитна кхаьчна Нажи-Юьртан а, Веданан а кIошташ.

Бутт хьалха Устрада-ГIалин мэр хIоттийна Кадыров Хас-Мохьмад ву Устрада-ГIалин секторх жоьпаллехь.

Гуьмсан а, Шелковскан а секторш тешийна мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Алханов Русланна.

Алхановн гIовса Алаудинов Аптис доладийр ду Итум-Кхаллан, Шуьйтан, Шаройн секторан.

Секторех жоп дала къастийначех 7 стаг ву Кадыров Рамзанан гергаргара, юьртара я уллерчу гонера, тIехIиттийначех кхоъ ву ницкъаллин урхаллашкара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG