ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

13 шо хилла дадийначу нускалан


ГIалгIайчоьнан полицино схьалехна яйна лоьху 13 шо долу йоI. Гучудаьлла иза 19 шо долчу кIанта марейига ядийна хилар, боху мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министрерчу пресс-гIоьналло.

"Кху беттан 14-чу дийнахь шен 13 шо кхаьчна йоI ядийна, аьлла, полице арз чуделира 36 шо долчу Несаран яхархочо. ВАЗ-2110 машенахь бара иза йигинарш, бохура зудчо. Сихха таллам а бина, схьа а карийна, дега-нене дIаелла йоI», – аьлла ю пресс-релиз.

«Адам лачкъор» цIе ю йоI ядийначу юьртахочунна дуьхьалъяьккхина бехктакхаман артикл. Хилларг толлуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG