ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн юкъараллаша гIалгIа Саутиева Зарифа лаьцначуьра дIахецар тIедожадо Iедална


ГIебарта-Балкхаройчуьрчу, Адыгейрчу, Кхарачой-Чергазийчуьрчу зударийн юкъараллаша дIахьедар яздина Оьрсийчоьнан президентан гонерчу бакъоларъярхошка Федотов Михаиле а, Москалькова Татьянига а лаьцна латточу гIалгIайн жигархочун Саутиева Зарифин хьокъехь.

"Халкъанна, талламна, зен хиллачарна цхьана а кепехь кхераме боцу нах лецна латтор тIех шога некъ бу. Тхо къаьсттина реза дац протестан гуламехь дакъалацарна бен бехке а йоцу Саутиева Зарифа изоляторехь латторна. Видеоматералаша а, хьал тергалдиначара а тоьшалла до, гуламан декъашхошний, провокаторшний юкъахь конфликт иккхича, Зарифа нах машаре кхойкхуш хьийзина», - боху дIахьедаро.

«Зуда, цуьнан нийсоне шен хьажам бара аьлла, чуйоллар эхь ду, халкъ кхерорхьама дина иза, цо гойту пачхьалкх къаьмнех цаешийла, оха декхаредо Iедал могашаллах эшна йолу Зарифа мукъаяккха», - элира «Кавказ.Реалиига» дIахьедарна буха куьг яздинчех цхьамма, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "Жьэгу" юкъараллин лидерех йолчу Бегретова Ольгас.

Документан авторшлахь ю филологин Iилманийн доктор Хакуашева Мадина, зударийн «Лашин» боламан лидер Бжедугова Оксана, адвокат, журналист Дорогова Лариса, яздархо Алхасова Светлана, «Инклюзиван центр «Массаьрца цхьаьна» юкъараллин куьйгалхо Кулокова Эльвира, кхиболу а бевза зударий-жигархой – Iилманчаш, журналисташ, бакъоларъярхой, лоьраш, хьехархой.

ШолгIа бутт бу Саутиева Зарифа Нальчикехь лаьцна кхобу. Iедалан векалшна гIелоярна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна цунна дуьхьал. Лацале хьалха протестан боламехь дакъалацарна политикан репрессийн музейн директоран гIовс йолчуьра мукъаяьккхира Саутиева.

Иза лацар дозу Нохчийчоьной, ГIалгIайчоьной къастийначу дозанашна резбоцчу гIалгIайн гуламехь дакъалацарца. Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь йолаелла митинг йохо арабевлира ницкъхой шолгIачу дийнахь, ткъа царна духьалоян гIоьртира нах. Лецна бу протестан иттаннаш лидерш а, жигархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG