ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом бирзина 10 шо даьллехь а, арара полисхой хьийсабо Нохчийчу


Нохчийчуьрчу Шуьйтахь ахшо а даьккхна, цIаеана шайн полисхойн тоба, хаамбо Тамбоврчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин сайто.

Стохка аьхка Брянскерчу шайн коллегашкара схьаэцнера Тамбоврчу полицино Шуьйтахь шарахь ха ден рагI, ткъа и хан шен белхахошлахь шина декъе екъна чекхъяьккхина Тамбоврчу полицино Нохчийчохь.

Къепе Iалашъеш, Къилбаседа Кавказера стратегин объекташ ларъеш, террорна дуьхьалоечу барамашкахь дакъалоцуш, дика къахьегна тобано, яздо Тамбоврчу хьукматан сайто.

Нохчийчуьра «контртерроран операци» 2009-чу шарахь ерзийнехь а, ехха хан яккха Оьрсийчоьнан ерриг регионашкара хьежадо цига полицин дакъош.

Юьстахара тIебалочу полисхойх яьхна лаьтта Къилбаседа Кавказера блок-посташ дIакъовла еза, элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бахначу баттахь ТIехьа-Мартанарчу блок-постна меттигера цхьа жима стаг урс а карахь тIелетча. Цхьа полисхо вийра тIелеттачо. Вийра полисхоша иза ша а. Кемеровора полисхо​ вара вийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG