ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1942 шарахь Тверна гергахь воьжна бIаьхо дIавоьллина Шалажехь


Лехамхо. Гайтаман сурт
Лехамхо. Гайтаман сурт

Тверь гIалина гергахь 1942-чу шарахь Германин фашисташца леташ кхелхинчу нохчочун дакъа а карийна, иза дIадолла Нохчийчу кхачийна. Оцу хьокъехь ТАСС агенталле хаамбина Оьрсийчоьнан тIеман-историн юкъараллин Нохчийчуьрчу декъо.

"Оха берзийна Тверан махкарчу тIеман аренашкахь эгна нах лоху барамаш. Билгалонашца карийначех цхьаъ ву нохчо Хабилаев Хьамид, цуьнца шен медальон а, патармаш а, гранаташ а, топ а карийна, кхеташ ду иза тIом беш воьжнийла. Тхо зIене девлира ГIалгIайчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а коллегашца, жамI долуш ду: цIаверзош ву оха цхьа эскархо. Нохчийчуьрчу тхан юкъараллин декъан куьйгалхочо Алаудинов Iабдуллас гIо а деш, оха шен даймахка дIакхачий бIаьхочун чалхаш», - аьлла лехамхойн «Курган» тобан хьалханчас Чеканов Андрейс.

ТIехьа-Мартанарчу Шалажехь, шен гергарчу нахана уллехь, дIавоьллина могIара эскархо Хабилаев. Цуьнан цIийнан наха дийцарехь, 27 шо долуш эскаре вахана а, цIахь зуда йолуш а хилла Хьамид. Велла, я дийна ву аьлла хаам боцуш баьхна гергарнаш хIинццалц.

"Фашисташца бечу тIаме 50 эзар сов стаг хьажийна Нохчийчуьра. 30 эзар сов нохчо а хилла царалахь. Дукхахберш юха ца бирзина, байна ларалуш бу. БIаьхьо Хабилаев децIаверзор доьзалшна хилла ца Iаш, дерриг а нохчийн къоманна а бу кхаъ. Оха дерриг а дийр ду тхаьшна карийна муьлхха а нохчочун дакъа даймахка схьакхачо, иза тхан декхар ду», - боху прессехь Алаудинов Iабдуллас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG