ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Гуьйре


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:43 0:00
Линкана тIе

Хасаров ШаIрани
Гуьйре

Гуьйре, ма е арахь гIовгIа,
Ма лекхийта мохе йиш,
Йочанашкахь лоьхуш гIовла,
Курайохуш сира дохк.

Хьоьца къийса тар ца делла,
Хьан кех дуьйлу олхазарш.
Церан довха бIаьрхиш миэлла
Можа гуш ду диттан гIаш.

Гуьйре, ма е арахь гIовгIа,
Нах чуберзо сих ма луо.
Цул а суна иллий хьеха
Езначунна дIахазо.

Деших тера хьаьрса месаш,
Яйн хьоьстуш, мох хьоькхуш ахь,
Ека цуьнан зевне эшарш,
Ткъа беснеш тIехь лепа малх.

Шовда ду и кхуьйсуш цинцаш.
Зезаг ду и бацалахь.
Сан чуверзан чIагIо хилла
И дIаэккха сих ца лахь.


1974 шо

Хасаров ШаIрани нохчийн байтанча а, журналист а ву. 1953-чу шеран гIадужу-беттан 22-чу дийнахь Казахстанан Кзыл-Ордински областерчу Аккун юьртахь дуьнен чу ваьлла. Иза Оьрсийчоьнан Федерацин Яздархойн Бертан а, СССР-н, РФ-н Журналистийн Бертан а декъашхо ву, Нохчийн Республикан хьакъволу журналист а ву.

XS
SM
MD
LG