ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Кхоллам (КIантана Ризванна)


Хасаров ШаIрани
Кхоллам (КIантана Ризванна)

Хьавззийна, тIехтеси,
Iуьйрено тIехтеси,
Хьавззийна шен зевнийн гIера,
ЗIаьнарша кор дитти,
Диканаш тIехIитти,
Кхолламаш дIабитичи неха.

Амма сан дог лазий,
Кху дийно дог лазий,
ЦIеххьашха тешнабехк бина,
Масане вели цхьаъ
Со холча хIоьттина гина?!

Мила ву и динарг?
Харцонца мотт бинарг?
ТIекхаьчча салам луш лелларг?
Цуьнах ма лай хили
Латийна и сирник
Яггал бен доцчу дуьненан?!

Iуьйрено лазийна,
Дийно дог лазийна,
ГIоьмаша куьйгаш сан къуьйлу.
Ас дог дил-диллинчохь,
Ас ког бил-биллинчохь
Мокхачу лаьттах цIий дуьйлу!

2001 шо

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG