ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Ширделла тIулгаш

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:01:04 0:00
Линкана тIе

Хасаров ШаIрани
Ширделла тIулгаш

Цкъа пхьеха лаьттинчохь тап аьлла, тийна,
Тидамза Iуьллуш ду ширделла тIулгаш.
Ехий и кIай мажош яц хIинца дийна,
Хиллачийн когашка хиндерниг гулдан.

Воьдучу жимхас уьш ца леци бIаьрга.
Хьажа а ца сеци маршалла хатта.
Аз доцчу маьхьарца, кхайкхинчохь цаьрга,
Шайн маракъевлина тIулгаша латта.

Шардеш син лекхий сатийсамийн гунаш,
Царна ша диннарг ди дуьнено суна.
Текхош шен къахьонаш, марзонаш, хьунаш
Некъаш а дехки цо сан дагчухула.

Цу тIулгийн дуккха а хир дара дийца,
Дахаран йовха цIе юха шайх летча.
Вайн дуьне ас царна герга озийра,
ДIа а и хийцира, саца ца делла.

Цуьнан а хир ду-кх сатийсамийн гунаш,
ХIинца а кхачаза ирхенаш, лаьмнаш,
Ас хьеярх сайн дагалецамийн гIунаш,
Ас дийша ца дитарх дийшина аьзнаш?!
1978-шо

This item is part of
XS
SM
MD
LG