Хасаров ШаIрани
***
Ца дина зулмаш тIетоьттуш,
Юьртахь гIагI-машенаш хоьхкуш.
Дахар я Iожалла кхийдош,
Пал туьйсу доьдучу дийно.
ДIогахь – ор, башха хIоъ кхетта,
Кхузахь - цIий бацалахь детта,
Шен цIера дIа а вадийна,
Декъаза маьрша стаг вийна.
ЦIийбелла, регIаца керчаш,
Дашо малх дIабуза гIерта.
Яссийна йитинчу кертахь
Йоьлхуш цхьа нана ю кIентан.
Кханене кхийдачу неха
Бохуш и синтемаш гена,
Лаьтта и лестадеш деза,
Ломахь бен тIом а схьахеза.
Ца йина ойланаш йойту,
Хиндолчух хилларг а гойту,
И сан са дахаре ийзон,
Сох эхь ца хетачу дийно.
2001 шо