ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Волла

Сабардахьара ахь

No media source currently available

0:00 0:00:39 0:00
Линкана тIе

Хасаров ШаIрани
Волла

с духарш ца лоьху хьулъеш сайн волла.
Со воллех уьдуш ву, сайн ка ма доллу.
Дахаран берам чу цо сискал аьтта.
И тIеттIа юзуш ю. И чIагIлуш лаьтта.

Ча гушшехь, цу ченан лар леха даьлла.
Дуьне а хьаьвзина, цуьнах ун даьлла.
Адамийн гIилкхаш а текхаргех сетта,
Довхачу дегнашна шийла Iаь етташ.

Дуьнена-м йиш яра шен некъаш шардан?!
Дуьненехь-м хир дара шен унна дарба?!
Духаршца гIоьртинарг хьулъян шен волла,
Дахаран бакъдерниг шех кхардон воллу.

2012 шо

XS
SM
MD
LG