ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Хабар


Хасаров ШаIрани

Хабар

Хьан хабар кхечира хьастах со волчу
"Муха ду-хоьтту ахь, - хIинца вайн цIахь?"
ТIеман цу шерашкахь хIоьттинчохь холча,
Вайн Нана-ДегIаста йитира ахь.

Шовданаш хIинца а хийцанза керча,
Уьш моьлуш цергаш а лехий Iа де.
Дохк йоцчу хIаваэхь лечарчий кхерста,
Йозадеш дахаран жайнешна тIе.

Уьш даха хевшинчу мокхазан бердах,
ТIулг огуш, кадетташ, йоьдуш ю хан.
Миччара?! Эшалур бац мокхаз цуьнга
Берд лакхабийларна кIарглур ду Iин.

Хууш ду дахар а къийсам буй уьзза,
КIаргдой цо шен маьIна, айдой шен сий,
Йиш йоций гIуллакхаш лар йоцуш дисса
Кханенна орцаха мел бевллачийн…

Цу кеппехь Iамийна дара вай жимчохь,
Аьттонаш дIатетта ца Iехон са.
Цкъа мацах вай санна, деган шовкъ хилла,
Тахна хьан дугIур ду вайшинга ла?

ХIинца а хIуьтту со-м кханенна холча,
Тахне а тера ю нехачух сан.
Шух цхьаннан аз хезча, ойла а, дог а
Безаме дIахьовду, селхане ган.

Цигахь ду сан ирс а, хир дуй-те баьхна,
Шал-шера дуьне а семантIехь шен.
Цунна тIехь, жимма а гIуллакх галдаьлча,
Мегар ца хиллера ву баха къен.

ЛадоьгIча, дукха нах хилла бу хьере.
Кхуьуьйтур долуш дац вай шен дуьхе.
Барз боцуш кIант вайна хьийзачу нене
Ала дош ца хилла хIара дуьне.
2002 шо

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG