ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германино мухIажаран статус дIайоккхур ю шаьш схьабевллачу мехкашка цIаоьхучу нахера


Германи, Берлин мухIажарш, 2015 шо
Германи, Берлин мухIажарш, 2015 шо

Германи дагахь ю мухIажаран статус дIаяккха шаьш схьабевллачу пачхьалкхашка цIаоьхучу шайн махкахь тховкIело еллачу нахера. Цунах лаьцна кIирандийнахь Bild am Sonntag газетехь араяьллачу интервьюхь хаам бина Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Зееховер Хорста.

Цо дийцарехь, миграцин урхалло сихха юхатоллур ду мухIажаран статус ялар хIора кхечу пачхьалкхера веанчу стеган, иза ша схьаваьллачу махка цIавахана хиларх лаьцна хаахь.

Зеехофера иштта дагадаийтина хIора Шемарчу мухIажаран мацца вирзина а цIаверза дезар хиларх лаьцна.

2018-чу шарахь ФРГ-хь тховкIело ехна 166 эзар кхечу пачхьалкхерчу стага. 2017-чу шарахь и терахь дара 198 эзар стаг. Уггар дукха мигранташ баьхкира Германе 2015-чу шарахь. Цу махкахь тховкIело ехначу нехан терахь дара 890 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG